ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вист хила кечлуш ву уггаре а вевзаш хилла Оьрсийчура тутмакх


Germany -- Hans-Dietrich Genscher (R) of the liberal Free Democratic Party (FDP) welcomes Russian former oil tycoon Mikhail Khodorkovsky at Berlin's Schonefeld airport, December 20, 2013
Germany -- Hans-Dietrich Genscher (R) of the liberal Free Democratic Party (FDP) welcomes Russian former oil tycoon Mikhail Khodorkovsky at Berlin's Schonefeld airport, December 20, 2013
Суьйранна диъ даьлчул тIаьхьа охьадоьсира Берлинерчу Шоьнефелд аэропортехь Ходорковский Михаил чохь волу кема. Цунна дуьхьал веънарг вара мацах цкъа Германин арахьарчу гIуллакхийн министр хилла волу, ткъа карарчу хенахь дуьнентIехь уггаре а тIеIаткъамечу политикех цхьаъ волу Геншер Ганс Дитрих.

Геншерца цхьаьна вара иштта Германехь шуьйра вевзаш волу, Путин Владимирах лаьцна книга язйина а, Путинан доттагIа а, Газпром концернан лоббиярхо а ларалуш волу политолог Рар Александр. Иштта цу дийнахь Германехь нисвелла волу шен Ходорковскийн кIант Игор а.

Германе Оьрсийчоьнан уггаре а вевзаш волу тутмакх хилларг схьакхаьчначул тIаьхьа цуьнан векалша динчу дIахьедарца, Ходорковский арахецаран бух – цуо Путине шен нана цомгуш хилар бахьана долу амнисти шена яре дина хилла долу дехар ду. Амма иштта билгладоккхуш ду, Ходорковскийс шен бехк тIеэцар я цу кехатехь а, я вуьшта Iедалхошца ша маьршаваккхарх цуо динчу дагадовларшкахь а хьахийна ца хилар.

Кхузахь ала догIу, хIинцалца цхьа хийлаза и Ходорковский маьршаваккхарх лаьцна шега журналисташа я адамийн бакъонашларйархоша хаттар дича, Оьрсийчоьнан президенто Путинс даима а олура, нагахь санна цу тутмакхо шен бехканна мукIарло а дина, шега къинхетам барах долу кехат яздахь, ша и гIуллакх, низамца догIуш ма -хиллара, толлур ду, олий.

Ткъа ша Ходорковский шен бехкана къера хила ца туькура, хIунда аьлча, цуо и мукIарло нагахь санна дахь, тIаккха иза шена йинчу кхелана резахилар а, цкъа маццаъ а ша маьрша валахь цу кхелан дуьхьал къовса бакъо йоцуш вуьсур хилар а тIеоьцуш хир дара цуо.

Карладаккха догIу, Ходорковский Михаил 2003-чу шарахь пачхьалкхан ясакх дIа елла ца хиларна бехке а вина, лаьцна вара. Цунна цкъа хьалха 9 шо хан туьйхира, ткъа цул тIаьхьа кхин цхьаъ керла бехкталламан гIуллакх схьа а диллина, I4 шаре яккхира цуо набахтехь такха еза хан. 20I4 шарахь и хан чекхйер йолуш яра.

Нагахь санна Кремло Ходорковский чуволлар цуо лелийна зуламаш бахьана долуш ду, бохуш, чIагIдеш хиллехь, Оьрсийчохь а, Малхбузехь а дукхахболу тергамхой тешна бара и гIуллакх политикан орамаш долуш хиларх. Ша лоцучу муьрехь Оьрсийчохь уггаре а тароне бизнесхо вара Ходорковский. Цуо шен миллиардех ша шена пайда эцна ца Iаш, дуккха а ахчанаш хьежадора Оьрсийчохь схьайиллина юкъаралла кхолларна.

Тайп-тайпанчу политикан партешна гIо-накъосталла а дора, дукхахьолехь оппозицин хьежамаш болчу. Цуо ша цкъа а шен президент хила лаам бу аьлла хьахийна ца хиллехь а, амма дукхаъ нах тешна бара, иза Оьрсийчоьнан куьйгалле кхача амбицеш йолуш ву бохучух.

Амма угарре а коьртанарг - иза массарна а гуш-хезаш Путин Владимирца къовсавелира. Къовсавела а ца Iаш, цунна дуьхьал вистхила а воьхьира, массо а Iадийча санна, тийна Iачу хьолехь. Иза 2003-чу шеран чиллан баттахь хилира, Путин Владимир Оьрсийчоьнан Хьоладайн Кхеташонан декъашхошца Кремлехь цхьаьнакхеттачу хенахь.

Ходорковскийс цу шен кхолламехь уггаре а гуолатохаре нисделлачу цхьаьнакхетарехь президенте латкъам бира, пачхьалкхан Роснефть компанино лелочу харцонашна а, ткъа иштта пачхьалкхерачу коррупцин барамашна а. Цунна дуьхьал оьгIазваханчу Путина Ходорковскийс куьйгалла дечу ЮКОС компанина бехк баьккхира, „хьуо а вац хьо кхин башха Далавелларг“ бохучу хьесапехь.

Цул тIаьхьа дукха хан ялале дIаболабелира ЮКОС компанин куьйгалхочуьн дахарехь иза тIаьхьаре а набахте кхачийна болу хийцамаш.

Дуккхаъ нах цецбохуш хIума дара, мел кIезга а масех баттахь ша бечу белхашна кIелахь охкуш Кремлан хьадалчаш а, йоллу Оьрсийчоьнан юстицин система а юйла хуушехь, Ходорковский цу махкара дIа ца вахар, гаррехь ша лаца тIаьхьабевллачу Iедалхойх иза дозанал арахьа къайла ца валар. Тайп-тайпанчу агIор ло тергамхоша цу хаттаран жоьпаш.

Амма, схьахетарехь, ша кхиина ваьлча дуьйна схьа бизнесехь аьтто хуьлуш, инзаре яккхийчу таронийн да хIоьттина волчу Ходорковскийна ма-дарра девзаш ца хиллачух тера дара ша вехачу пачхьалкхан Iадаташ а, цу махкахь Iедале баьхкинчу КГБ-ера орамаш долчу нехан гIиллакхаш а.

Иза шен тароне кхочучу шерашкахь Нохчийчохь боьлхуш къиза тIемаш бара. Эзарнаш нохчий Оьрсийчоь мел ю, шаьш бол-болчохь Iедалхоша кисана герз, я оьккху молха, я наркотикаш кхуьйсуш, луьйцуш, дуккхаъ шерашна хенаш а тухуш, чубухкуш бара. Вайнахана евзара оьрсийн Iедалан къизаллин таронаш, шен исторера хилла ца Iаш, карарчу заманера а.

Цундела, масала, и саннарг хьал цхьаьна нохчочуьнца Iоттаделлехь, иза кхетар вара оцу сохьта, цу Iедало, цкъа иза шена тIаьхьадаьллехь, ша вуьтур воцийла а, иза кхин шена тIаьхьара дер доцийла. Ткъа Ходорковский, схьахетарехь, тешачух тера дара, Оьрсийчохь бакъонаш тола йиш ю а, цигахь харцонца кхелан некъашца къийса а йиш ю, бохучух. Цунах цунна гур а хиллачух тера дара.

Хьахон догIу иштта, нийса кIира хьалха дуьйладелира хаамийн гIирсашкахь хабарш, Оьрсийчоьнан Iедалхой Ходорковскийна дуьхьала кхозлагIа зуламан гIуллакх схьаделла кечам беш бу, иза шен гIуда текхна ваьллачул тIаьхьа ара ца валийтархьама, бохуш. Амма цунна метта, массо а цецвоккхуш, амнисти а йина, маьршаваьккхина и цIеяххана волу тутмакх.

Иштта хьахон догIучех ду кхин цхьаъ тамашийна хIума. Уггаре а хьалхарниг, ЮКОС компанин леламаш низамца богIуш буй те бохург таллийта прокуратуре официала кехат яздинарг Думин депутат хилла волу Махачев Гаджи вара. 2003 шеран гIадужу баттахь цуо официала кхайкхам бинера Iаламан министраллерчу Iедалхошка, Ходорковскийн мехкадаьтта доккхучу компанино Iалам бех-м ца до те, ткъа иштта ясакх дIалуш юй теша яла ма-еззара, бохург талла, аьлла.

Тамашийна дерг цу доллучу дийцарехь: еарий дийнахь Путинс ша Ходорковскийна амнисти йийр ю олу, цу сарахь Махачев Гаджи Москохахь шен машенаца авари а йой, ле, ткъа пIераскан дийнахь Ходорковский Михаил набахтера арахоьцу.
XS
SM
MD
LG