Талораш лелорна набахтехь даккха 11 шо тоьхна Нохчийчуьра вахархо Висангириев Сайд-Ахьмад кхозлагIа кхечу колони дехьаваьккхина. Хьалхо латкъамаш дира цо, шена тIехь набахтехь Iазапаш хьегийтарна. Карарчу хенахь чохь латтон хьелаш мел а ладаме даьхна цуьнан, шен доьзалца цхьанакхета аьтто а белира цунна.
Стохка аьхка Висангириевс дIахьедира Владимирскан кIоштарчу номер 3 йолчу колонин белхахоша шегахь латтийначу гIелонах лаьцна. Иштта цунна дуьхьал бехкзуламан гIулакх даьккхира шеца чохь латточунна йиттина аьлла, Висангириевн вашас - Висангириев Сайд-Мохьмада чIагIдарехь, администрацино питана дина хиллера хIетахь.
Махкахь нехан бакъонаш хьоьшуш хилар тергал деш воцу, Нохчийчуьра адамийн бакъонашларйархо Солтаев Мансур оцу хьолана йукъагIоьртинчул тIаьхьа, Висангириев номер 6 йолчу колони дехьаваьккхира оццу Владимирскан кIоштахь. Цига дIа ма-виггара гIуданан изолятор чу воьллира иза, цул тIаьхьа ша цхьаъ латточу кепера камери чохь валлийра. Цул словнах, цунна тIера бедарш колонин белхахоша шаьш дIа а йахийтина, видео дIайазйинера, «товш йоцчу кепехь» вара аьлла цунна таIзар дархьама.
Владимирскан кIоштарчу номер 7 йолчу колонихь ву карарчу хенахь Висангириев, цуьнан нанна а, хIусамнанна а, йоIана а пурба деллера цуьнца цхьанакхета. «Кавказский узел» хьостаца хиллачу къамелехь цуьнан вашас дийцина, цунна тIаьхьабахначийн аьтто хилла цунна молханаш дIакхачон, ишта могушалла а меттайогIуш йу аьлла.
Хьалхо тхан редакцица хиллачу къамелехь вашас дийцира, цIе ца йоккху лазар ду аьлла, шен веших шеконаш хиларх.
- Зазадокху-бутт бовш хаабира Таганрогера СИЗО-хь бусалба динера тутмакхаша мацаллин протест йу кхайкхина аьлла. Лецначара дийцарехь, цаьргара схьайаьхнера церан хIуманаш, йуьхь-куьг дуьлу гIирс, чу-арабовлийтар дихкинера, шайн гергарчу нахе тухучу телефонах а хадийнера.
- Цу кепара аьрзнаш кест-кеста кхочу Къилбаседа Кавказера схьабевлла, набахтешкахь латточу нахера. Церан гергарчара дийцарехь, бусалба динах болу уьш къаьсттина хьийзабо Оьрсийчоьнан набахтешкахь. Тхан редакцица къамел динчара тIечIагIдира, Таганрогера изоляторехь, и хьукмат къайлахчу сервисийн Iуналле йирзичхьана нах хьийзор алсамдаьлла аьлла. Ткъа деш долу аьрзнаш тергамза дуьту царна тIехь Iуналла латтон дезачу органаша.