ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху шарахь мел лахара а Нохчийчуьра 15 стагана гIуданаш диттина, социалан машанашкахь экстремизм лелорна


2021-ра шо доладелчхьана Нохчийчуьрчу кхелаша, диллинчу зерашца а догIуш, мел лахара а, 15 административан гIуллакх диллира "Нахалахь нацистийн атрибутика, символика йа экстремистийн юкъараллийн символика, атрибутика гайтар" аьллачу Кодексан артиклехь. Жоьпе изийнарш берш божарий бу.

БIаьрланиг ду, хIоттийначу 15 протоколех диъ Гезгамашин-беттан чакхенехь кхаьчна хилар кхеле – цаьрца догIуш, жоьпалле хIоттийна Хатуев Мовса а, Дадаев Абубакар-Сиддикъ а, Гапаев Халид а. ГIадужу-беттан 4-чохь Гуьмсан кIоштан кхеле кхаьчна гIуллакх хIинца а листанза ду.

ГАС "Правосудие" порталехь зорба тоьхна жоьпалле озочу сацамийн цхьана декъана. Масала, Соьлжа-гIаларчу Октябрьскан кIоштан кхело Охан-баттахь эзар сом гIуда туьйхира Аласханов Тимурна, "ВКонтактерчу" социалан машанехь Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн символика зорбане яьккхина аьлла. Иштта Заводской кIоштан кхело а туьйхира эзар соьмана гIуда Ахматов Муслимна, школана гонах "нацистийн символикан" сурт букъа тIехь гойтуш, дIасалеларна.

Нохчийчоьнан прокуратурано мониторинг йо машанахь, экстремистийн материалаш яржорна тIехь терго латтош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG