КIайн ЦIийно дIахьедина, Талибанан аьтто ца баьлла шех тешо дуьненаюкъараллан декъашхо санна ша тIеэцийта. Цуьнца цхьаьна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа бехке дина Афганистанан керлачу Iедалан хьалханчаш оцу махкара дIабоьлху америкахой а, церан Афганистанера бертахой а тIехь болу кеманан рейсаш сецорна.
"Администрацехь цхьанна а - я президентна а, я цуьнан тобанан декъашхошна а – ца хета Талибан дуьненаюкъаралло лоруш йолу декъашхо ю аьлла. И ларам шайга хилийта шайх теша мегар хилар ца гайтина цара, ткъа оха цкъа а ца хадийна церан цу кепара мах", - дIахьедина КIайн ЦIийнан зорбан-секретара Джен Псакис.
Цо билгалдаккхина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа къобал цкъа а къобал дина ца хилар талибаша куьйгалла до Афганистера Iедал.
КIайн ЦIийнехь йинчу комментарица цхьаьна Американ пачхьалкхан секретара Энтони Блинкена а кхайкхам бина Талибане, Афганистанера чартеран рейсаш ян пурба ло шайна аьлла.
Хьалхо хаамаш баьржинера америкахой а, цIахь кхерам болчу афганхой а тIехь болу кеманаш совцийна латтош хиларх лаьцна Мазари-Шариферчу дуьненаюкъарчу аэропортехь.
"Карарчу сохьтехь Талибана бакъо ца ло чартеран рейсаш еш долу кеманаш тIемадовлийта. Цара чIагIдо, цхьаболчу царна тIехь болчу некъахой оьшуш долу кехаташ дац, бохуш", - дIахьедина Блинкена Германерчу Рамштайн авиабазехь немцойн арахьарчу гIуллакхийн министраца Маас ХIайкоца цхьаьна хиллачу зорбанан конференцехь.
Американ махкахой а, цаьрца болх беш хилла афганхой а Афганистанан къилбаседехь Iуьллучу Мазари-Шариферчу аэропортехь бисна аьллачу хаамца цхьаьна, Пачхьалкхан департамент бехке еш ю цо оьшург дерриг а ца дарна кеманаш гIовттийта.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка муха Iаткъам балур бу Талибанна, и нах кIелхьара бахар Iалашонца, аьлла хаттар дича, Вашигтонерчу лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхоша даре дина, шаьйн иза дан аьттонаш дукха ледар хилар.
"Тхо дакъалоцуш дац, кеманаш тIема ца долуьйтуш латтош хиларца доьзанчу хаттарехь. Тхо цигахь дац", - дIахьедина Псакис кхаарин дийнахь шен хиллачу брифингехь.
Оццу хенахь цо билгалдаьккхира кеманашна тIехь масийтта америкахо а, ткъа иштта бIеннаш кхин болу нах а хила мега, муьлш бу а ца къастийна, кехаташ а ца теллина тIеховшийна болу, аьлла. Псакис дийцарехь, "уггар коьрта хаттар ду" и кеманаш мичахь охьаховшур ду бохучуьнца доьзнарг.
"Баккъалла а бакъо лур ю вай Американ тIеман базехь кема охьадоссо, тIехь бIеннаш нах а болуш, вайна уьш муьлуш бу а ца хууш, иза къасто муьлхачу протоколех пайда эцна а ца хууш", - хаттар хIоттийра Псакис.
Кхаарин дийнахь Блинкена а, Мааса а, шайн накъостий а, бертахойн а тобано дакъа а лоцуш, дийцарш дIадаьхьира Афганистанера хьолах лаьцна. Дийцаре дечу хаттаршна юкъахь дара, Талибана Iедал дIалаьцначул тIаьхьа оцу махка гуманитаран гIо кхачорца доьзнарг.
Блинкена шаьш саготта хилар хаийтира Талибанан керлачу Iедалехь уьш боцурш кхин политикан ницкъийн векалш ца хиларна. Цо дIахьедира ханна кхоьллинчу администрацино гайта деза шех теша мегар хилар а, шена гIортор еш хилар а, аьлла.
"Тхьоца а, дуьненаюкъараллица а лелочу юкъаметтийн амал буьззинчу барамехь йозуш хир ю, гергарчу кIиранашкахь а, беттанашкахь а талибаш коьртехь болчу Iедало лелочух", - элира Блинкена журналисташка.