ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къибаседа Кавказехь 6 баттахь тховкIело ехна 145 мигранта


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2021-чу шеран 6 баттахь цхьана ханна тховкIело лахьара аьлла дехар дина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилбаседа Кавказерчу органашка 145-а кхечу пачхьалкхарчу вхархочо а, цхьа а паспорт доцчу стага а. Царах дукхаха берш бу советан пачхьалкхан хиллачу республикашкара бахархой.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далочу терахьца, ерриг а пачхьалкхехь ханна тховкIело еханчу нехан терахь ду 2 743. Иза I 003 стагана кIезиг ду, стохка хьалхарчу эха ашарахь хиллачул а.

Къилбаседа Кавказерчу субъекташна юкъахь уггар дукха буц у кепара дехар дина нах Ставрополан махкахь а (96 дехар), Дагестанехь а (30) и 34 Иштта кхеташ чуделла ханна тховкIело йоьхуш Кхарачой-Чергазийчохь (8), Къилбаседа ХIирийчохь а (II).

Нохчийчохь тховкIело ехна цхьа а стаг вац. Хьлха шерашкахь цига кхаьчнарш а сихонца арабахара меттигерчу Iедалша.

Кавказ.Реалиино яздарехь, Оьрсийчохь тховкIело ехначу Афганистанерчу Хабиб Гулам Мохьаммада дийцинера Ростоврчу УФСБ-н белхахоша шена тIехь ницкъ беш Iазап латтийна хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG