"Новая газето" бечу хаамца Нохчийчохь лоьцу бераш, церан ДаIишца уьйранаш хиларан шеконаш хилар. Даханчу шеран гIуран-баттахь Нохчийчохь полисхошна тIелатарш динчул тIаьхьа жигарбаьккхина ДаIишан пропагандана тIеIаткъам хила тарлун кегийрхой а, бераш а таллар, чIагIдо "Новая газето". Бераш дIалецарх яздо Милашина Еленас шен “Берийн тIом” артиклехь. Милашинас дийцарехь баханчу дечкен-баттахь Нохчийчохь низамхоша лецнера 200 герга кегийрхо а, кхиазхо а. И артикл зорбане елира зазадоккхучу-беттан 13-чу дийнахь.