ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киеверчу кхело дIалаьцна латтош ву Оьрсийчоьнан эскарна дуьхьал тIом бина нохчо


Киевера Апелляцин кхел, Украина
Киевера Апелляцин кхел, Украина

Ахчанаш дахарехь бехке хила тарлушволу 47-шо кхаьчна нохчо М.Асламбек Киеверчу Апелляцин кхело дIа ца хоьцуш, витна. Иза Украине тIамца чугIоьртинчу Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бархьама дIавахнера адвокато бахар кхело тергал ца дина. Киеверчу №13 изоляторехь дIалаьцна латтош ву иза.

Прокуроро М.Асламбек сацор доьхура, важа 2022-чу шеран товбеца-баттахь Киевера дIавахарна, арахь леларна талламхоша шена хIиттийна хьелаш ца лоруш. Оьрсийчоьнна дуьхьала болчу тIамехь Украинехьа болучеран батальонехь латтар (иза цу батальонан буьйранчас бакъдина дара) кхело тергал ца дира боху Кавказ.Реалии сайтан Киеверчу корреспонденто.

2022-чу шеран мангалан-баттахь М.Асламбек Черновцы гIаларчу полицин белхалоша дIалецира. Кхелан сацамца иза дIахьажийра хийрачу пачхьалкхашкара нах, махкалла доцу нах латточу метте. Цуьнан идентификаци таллархьама, цуьнгахь цхьанна кепара кехаташ цахиларна. Нохчочо ша нахера ахчанаш дахаран бехк шена тIе ца лоцу.

  • Украинехь иттанашкахь болчу нохчашна Оьрсийчу дIабахийтаран кхерам хIоьттина. Царех цхьаберш цу пачхьалкхе низамца кхаьчна бац. Вукхеран цигахь хила магошдолчу кехатийн хенаш дIайевлла. Изза чолхе хьал хIоьттина Украинехьа тIом бечу нохчий лаамечеран батальонашка а.
  • Къобал цайинчу Ичкери Нохчийн республикан агIончех вовшахтоьхна масех батальон Украинехьа тIом беш йу. Царех цхьайолу батальонаш официалехь Украинин тIеман ницкъийн декъехь ларалуш йу.
  • Украинехь тIом болабелчахьана, алсамдевлла Европерчу пачхьалкхашкара нохчий арабахар, цара доьху кехаташ царна цадалар. Дукха хьолахь Оьрсийчоьнан махкалла долчу Къилбаседа Кавказерчу бахархошна деш ду иза. Румынин миграцин урхалло къоман, динан билгалонца шайна дискриминаци йо бохуш, латкъамаш бо цара. Бакъонашларйархоша дийцарехь, къаьсттина нохчашна лелош ду и тайпа хIумнаш: Iедалан леринчу урхаллаша лохуш бацахь а, царна депортаци йо, уьш чу а бухку. Транзитаца богIу уьш Румыни.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG