ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киевна уллохь маьрша нах байарца боьзна хиларна бехкебина кадыровхой


Маьршачу нехан догIмаш, меттигерчу наха бахарехь, оьрсийн эскархоша байина уьш. Киеван кIоштан Буча гIала, 2022-чу шеран Охан-бутт
Маьршачу нехан догIмаш, меттигерчу наха бахарехь, оьрсийн эскархоша байина уьш. Киеван кIоштан Буча гIала, 2022-чу шеран Охан-бутт

Буча, Гостомель, Ирпень гIаланашкахь дуккха а маьрша нахана дуьхьал тIеман зуламаш дарна шеконашкахь йолчу оьрсийн дакъойн номерш гIаръяьхна Украинан президентан офисан куьйгалхочун хьехамчас Арестович Алексейс, яздо "Настоящее время" телеканало.

Арестовича арахецначу кехатехь иштта хьахош ю 141-гIа Кадыров Ахьмадан цIарах йолу лерина полк а. Ерриг евзинарг ю 13 оьрсийн дакъойн цIерш:

  • Малхбалерчу тIеман гонан 35-чу эскаран 64-гIа къаьстина мотострелкован бригада
  • Малхбалерчу тIеман гонан 36-чу эскаран 5-гIа къаьстина танкан бригада
  • 98-чу хIаваъан-десантан дивизин 311-гIа парашютан-десантан полк
  • 106-чу хIаваъан-десантан дивизин 137-гIа парашютан-десантан полк
  • 76-чу десантан-тIелатаран дивизин 104-гIа, 234-гIа десантан-тIелатаран полкаш
  • Леррина хьажоран 14-гIа, 45-гIа къаьстина бригадаш
  • Росгвардин леррина хьажоран полицин 63-гIа тоба
  • Тийначу хIордан флотан гIашсалтин 155-гIа къаьстина бригада
  • Юккъерчу тIеман гонан 74-гIа къаьстина герз кхийсаран бригада
  • Гвардейскан десантан-тIелатаран 31-гIа къаьстина бригада
  • 141-гIа Кадыров Ахьмадан цIарах йолу лерина полк

"Север" цIарца гIолехьа евзаш йолу 141-гIа полк дуьххьара гучуяьллера Соьлжа-ГIалара Краснодаре боьдучу новкъахь шайн билгалонашца йогIучу гIагIдиллинчу машенийн, бронетраспортерийн могIа гойтуш яьккхинчу видео тIехь, буьззинчу барамехь Украине чугIортале дара иза. "Радио Свободан" журналисто Крутов Марка видео яьккхина меттиг билгалъяьккхира – ГIебарта Балкхаройчуьра Прохладный гIалан кIоштахь яьккхина яра иза. ТIеман девнаш толлучу Conflict Intelligence Team тобано билгалдаьккхира, ма-дарра аьлча, нийса дIа Кадыров Рамзанан куьйгкIелахь йолу нохчийн Росгварди наггахь бен ца йолу республикера ара.

141-гIа полк Украинехь хилар масийттаза тIечIагIдина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана – цуьнан дуьххьара цунах лаьцна хаам Чиллан-беттан 26-хь бина бу. Оцу хенахь республикан куьйгалхочо харц бира декъан командиран Тушаев Мохьмадан кхалхарх боьзна хаамаш.

Хьалхо хиъна ма-хиллара, цхьана баттахь сов оьрсийн эскарша дIалаьцна лаьттина хилла Киевна къилбаседа-малхбузехь Iуьллучу Буча гIалахь байъина бIеннашкахь нах бара. РогIерчу нехан духар дара царна тIе доьхна, цхьаберш шайн гергарчарна бевзина. Царах цхьа дакъа, къаьсташ ма-хиллара, тохарш дечу юкъанна белла, йа минаш тIехь лилхина. Амма суьрташ тIехь куьйгаш дихкинчу нехан догIмаш ду гуш. Украинан президентан Офисан хьехамчана Подоляк Михаилна хетарехь, оьрсийн эскархоша байъина уьш.

Украинан коьртачу прокурора Венедиктова Иринас бахарехь, оьрсийн эскархойн карара яьхначу кIошташкара судмедэкспертизе дIадигира 410 веллачун дакъа. Украинан арахьарчу гIуллакхийн министралло Дуьненаюкъарчу бехктакхаман кхеле а, дуьненаюкъарчу организацешка а ма-хуьллу сиха Буче а, кхечу Киевн кIошташкарчу гIаланашка дахкар дехна, оьрсийн эскарша тIеман зуламаш а, адамаллина дуьхьала зуламаш а дарна тоьшаллин база гулъярхьама. Арахьарчу гIуллакхийн министраллин хьалханчас Кулеба Дмитрийс бахарехь, орьрсийн эскархой иштта Iазап латторна, къоланаш дарна, меттигера зударий хьийзорна а бехке бу.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIе ца лоцу и дерриг бехкаш. Урхаллан дIахьедарехь дуьйцуш ду, дерриг сарташ, видеош уьш питана ду, "Киевн режимо а, малхбузерчу зорбанаша а хIоттийна кеп ю".

Министралло билгалдоккху, оьрсийн эскарш Зазадоккху-беттан 30-хь арадаьхна хилар Буча гIалара, Оьрсийчоьнан а, Украинан а Туркойчохь хилла дийцарш дIадевлла шолгIачу дийнахь. ТIеман министралла иштта Буча гIалан мэрана Федорук Анатолийна тIе а тевжа, цо хаамбина гIалахь оьрсийн эскарш ца диссина аьлла, амма ца хьахийна байъинчу нахах лаьцна.

  • Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тIечIагIдина, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду кхечу дакъойн эскархой сецош, нохчийн Росгвардех "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх.
  • Кавказ.Реалиино хеттарш динчу нохчийн жигархошна а, политологашна а хетарехь, Украинерчу тIамах Кадыровс пайдаоьцу шена пиар еш, ткъа Кремло "майра кадыровхойн" васт леладо Киевна психологин тIеIаткъамбеш а, чоьхьара пропаганда лелош а.
  • Охан-беттан 4-г1а де - Оьрсийчоь Украине буьззинчу барамехь тIамца чугIоьртина шовзткъалгIа де ду. Дахначу дийнахь-буьйсанна Одесса, Николаев гIаланашна т1е ракетан тохарш дина, Днепропетровскан, Донецкан, Луганскан кIошташна тохарш дар дац соцуш. Оьрсийчоьнан эскарша дIалецначу Украинан къилбера масех гIаланашкахь юха а Оьрсийчоьнна дуьхьал гуламаш хилира Охан-беттан 3-хь. Украинан Iедалхоша дIахьедо, Украинан къилбехь, малхбалехь, Мариуполехь шога тийсадаларш ду хила дезаш - Оьрсийчоьнан агIоно дIахьош долу тобанаш дIасакхийсар чекхдаьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG