ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчоьнан лаьмнашкахь доьхна Су-34 кема. Экипаж хIаллакхилла


Су-34. Гайтаман сурт
Су-34. Гайтаман сурт

Къилбаседа ХIирийчохь доьхна бомбанаш йетта Су-34 кема, ши пилот велла цу чуьра, хаамбина пачхьалкхан ТАСС агенталло Оьрсийчоьнан тIеман министраллина тIетевжина.

Кема Iаморашкахь хилла бохуш чIагIдо. Доха бахьана хIоьттина кеманца кхачамбацар хиларна – нах боцчу меттигехь охьадоьжна и мехкан Алагиран кIоштара лаьмнашкахь, йаздо агенталло.

Лазийнарш бац лаьттахь, ишта йохийна гIишло а йац, хаамбина Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Меняйло Сергейс. Цо кадам бина веллачу шина пилотан гергарчаьрга, дIахьедина, охьадоьжначу кемана суьрташ, видео йар а, уьш йаржор а "шога доьхкуш ду" аьлла. Кхин совдаьккхина хIуммаъ а аьлла дац цо.

ТIаьхьо "РИА Новости" агенталло хаамбира, доьхна кема Моздокехь гIаьттина хилла аьлла. Цул а хьалха Оьрсийчоьнан эскархоша пайдаоьцура бомбанаш йеттачу оцу кеманах Шемахь а, Украинана дуьхьал бечу тIамехь а.

  • 2023-чу шеран гIадужу-баттахь Ейскехь дукхазза тIекIелдинчу цIийнан уьйтIахь дуьйжира Су-34 кема. Цу чуьра араэккха ларийначу шина кеманхочо дIахьединера, цхьахболу моторах цIейаьллера аьлла. ХIетахь лазийра 43 стаг, велира 16 вахархо, шайлахь ворхI адамах лаьтта доьзал а цхьаьна. Дийна йиссинчу йалх шо долчу йоIана дарба дан хьийзира лоьраш масех баттахь, иза а кхелхира Краснодарера дарбанан цIийнехь чиллан-беттан 16-чохь.
  • 2023-чу шеран товбеца-баттахь Су-25 тIеман кема хIорда чу дуьйжира Ейскера пляжа уллохь. Цу чохь хилла кеманхо велира.
  • 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь дуьйхира Волгоградан кIоштахь а Су-24 кема. Экипаж йелира. ТIеман министралло дIахьедира, тIеман комплект а йоцуш Iаморашкахь гIаттийна хиллера кема аьлла.
  • Украинан тIеман иччархоша дIахьедира, дуьххьара Оьрсийчоьнан СУ-57 кема дохийра шаьш аьлла. Урхаллин хаамашца, и хиллера мангал-беттан 8-чохь Астраханан кIоштара "Ахтубинск" аэродромехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG