ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа-ХIирийчуьра блогер Джикаева Малика психиатрин лазартне хьажийна


Наркотикашна тIехула тоьхна кхо шо токхуш йолу Къилбаседа-ХIирийчуьра блогер Джикаева Малика (Милана) психиатрин лазартне хьажийна. Карарчу хенахь хууш дац билггал иза йолчу меттигех я цуьнан адвокатана, я гергарчарна а. Шен нене, Кудзиева Анжеле хаийтинера Джикаева Маликас кху беттан 29-чохь, ша дарбан цIийне хьажорах, Рыбинскан психиатрин дарбан хIусаман цIе а йоккхуш. Мел бух болуш ду и хаа аьтто ца хилира йоьIан гергарчийн.

Джикаева Маликин адвокато Бедоева Инарас Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхина, ша Iалашъян тIелаьцначуьнца "юьхьанца психикан лазар - Туреттан синдром" хиларх. Талламаш дIахьочу заманчохь психологин, психиатрин экспертизаш йира цунна, гайтинчу жамIашца, иза могуш ю. Цуьнан бехкзуламан гIуллакхан материалашкахь экспертийн комиссино делла кехат а ду.

Оьрсийчоьнан Бехкзуламан кодексо урхалла деш дац тутмакх йолчу меттигна тIехь, боху Бедоевас: "Гергарчарна цкъацкъа беттанашкахь ца хаьа, шайн стаг стенга вуьгуш ву, иза мичахь латтош ву, цхьа аьтто а баьлла, иза шайца зIене ца ваьлча".

Джикаева Малика дарбан цIийне охьайилларх лаьцна шен масех верси йовзуьуйту адвокато: лаьцначу заманчохь сагатдар, иза латточу колонера хьелаш, блогерна тIеаткъам бар. Билггал бакъ хила тарлучу бахьанех хета цунна, Джикаевана динчу таIзарна дуьхьал хьажийна кассацин арз таллар дIадахдархьама.

"Соьлжа-ГIалин кхел сиха яц кассацин латкъам Пятигорске кхачон, суна хетарехь, цхьана Iалашонца. Оцу тIехула ас хIинцале а арз дина кхелан урхалхочуьунга, гIуллакхан материалаш дIакховдо сихо яр доьхуш. Оцу юкъанна колонехь вуьсуш ма ву, шена дохку бехкаш тIе ца лоцуш, лакхарчу инстанцехь шен арз нийсонца толлур ду аьлла, ладоьгIу стаг", - дерзадо шен къамел Бедоевас.

  • Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь лецира Джикаева Малика 2020-чу шеран Зазадокху-баттахь. Талламан версица, цуьнан тIоьрмигчуьра наркотикаш яьхна, ткъа йоIа чIагIдо, уьш тесна ю шена бохуш. Дечкен-беттан 11-чохь Заводской кIоштан кхело набахтехь даккха кхо шо туьйхира цунна. Зазадокху-беттан 3-чу дийнахь Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело хийцанза битира и сацам.
  • ТаIзар кхайкхийначул тIаьхьа дийца даьккхира, Маликин йиша, Джикаева Карина кхалхарх. Цул тIаьхьа нанас Кудзиева Анжелас дехар дира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, шена гIо дар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG