ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчуьрчу думан экс-депутата шен уьйраш ца хилла аьлла криминалан авторитетца


Думан депутат Зураб Макиев
Думан депутат Зураб Макиев

Къилбаседа ХIирийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутат лаьттинчу Макиев Зураба аьттехьа а ца дуьту, криминалан авторитетца Гагиев Асланца шен юкъаметтигаш хилла бохург. Кху деношкахь дIахьедира вукхо, хIирийн вице-премьер Пагиев Казбек вейтинарг парламентхо ву аьлла.

Ясакх охьайилла ша дуьхьало ярна, шена бекхам беш ву иза аьлла, дIахьедина Гагиев. Иштта депутата дагадаийтина, 2017-чу шарахь криминалан авторитетна бакъоларъяран органашка арз динарг ша цхьаъ бен цахилар а. Цунна хетарехь, Гагиевс кхелехь дина дIахьедар – цхьаболчу политикан оппонентийн акци ю, Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедална тIеIаткъамбан бан хьийзачу.

2008-гIа шо довш вийра БуьритIехь Къилбаседа-ХIирийчоьнан вице-премьер Пагиев Казбек. Автоматашца волу ши стаг тIе а хьаьдда, цунна тIе герзаш деттачу заманчохь шен белхан машенчохь хиллера Пагиев. Иза а, цуьнан машенлелорхо а кхелхира йинчу чевнех оцу меттигехь.

  • Ростов-гIалахь дов хатта долийна Гагиев Асланан. Хьалхарчу кхелан кхеташонехь цо мукIарло дира, Къилбаседа-ХIирийчоьнан вице-премьер ша вийна хиларх а, и зулам кхочушдар шена тIедиллинарг хIетахь Думан депутат хилла Макиев Зураб вара аьлла.
  • Талламан зерашца, Гагиевн тобано Къилбаседа ХIирийчохь масийтта лаккхара даржхо вийра, республикерчу УБЭП-ан хьаькам Мецаев Марк а, зуламаш толлучу декъан хьалхарчу декъан куьйгалхоч Чельдиев Виталий а.
  • Оьрсийчоьнан Iедалхойн тIедожорца, 2018-чу шеран аьхка экстрадици йира Австрера Гагиев Асланна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG