ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказан еа регионехь пандемина дуьхьал лело барамаш эвсара бац


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан бархI регионехь, Къилбаседа Кавказан беа махкахь а цхьаьна – ГIебарта-Балкхаройчохь, ГIалгIайчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, Дагестанехь - пандемин керлачу тулгIена дуьхьал баьхна барамаш эвсара бац аьлла, хьесап дина. Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан президиуман кхеташонехь дина оцу кепара дIахьедар. 56 миллиард сом хьажийна Оьрсийчоьнан Iедалхоша кхин а тIе массо а дарбан хIусамашка, тIедиллина регионийн урхалхошна вакцинаци яр а, мукъачу деношкахь тесташ яр а.

Таханалерачу дийнахь Оьрсийчохь дарбан хIусамашкахь охьавиллина ву 268 эзар COVID-19 ун хьакхаделла дархо, ткъа вирус а кхетта, лоьраша гIо кхачош ву цхьа миллион кхо бIе гергга стаг.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьехна регионийн куьйгалхошна, ресторанашкахь а, самукъадоккхучу меттигашкахь а буьйсанна болх сацабар (буса 11 сахьт даьлча Iуьйранна 6 даллалц)

ГIадужу-беттан 30-чу дийнера Лахьан-беттан 7-чу дийне кхаччалц мукъаденош кхайкхийна пачхьалкхан президенто. Бахархошлахь ун ца даржийта Iалашонца юкъабаьхна и барамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG