ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказан мехкашна юкъарчу блокпосташна дуьхьал ву Кадыров


"Чермен" блокпост, 2004 шо
"Чермен" блокпост, 2004 шо

Къилбаседа Кавказерчу регионашна юкъахь йолчу блокпосташна дуьхьал ша хиларх дIахаийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Байначу беттан 29-чохь инстаграмехь хIоттийначу эфирехь хаттар деллера Кадыровга цхьаммо: "Кавказан республикашна юкъахь оьшуш йоцу и посташ дIа маца йохур ю?" аьлла. Цунна жоп лучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, ахчанаш а дохуш, зуламхой гучу ца боху посташ оьшуш яц аьлла.

Кадыровн дешнашна тIетайра меттигера омбудсмен Нухажиев Нурди. Мехкан урхалхочун позицина тIетайначу цо билгалдаьккхира, вайн заманахь Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу республикашна юкъахь посташ латтор маьIне дац аьлла.

Блокпосташ латтон мегарг хиларх хаттар регионехь айдо кеп-кепарчу тIегIанашкахь кест-кеста. 2019-чу шеран чакхенехь премьер-министр Медведев Дмитрий цхьаьнакхеийтира Нохчийчоьнан куьйгалхолчуьнца Кадыров Рамзанца. Регион кхиорех лаьцна хеттарш дийцаредина ца Iаш, хьахийра Къилбаседа Кавказан мехкашна юкъара блокпосташ дIаяхарх дерг а.

2018-чу шеран ГIуран-баттахь Къилбаседа Кавказан субъекташна юкъара блокпосташ дIаяха еза аьлла, кхайкхамбира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Къилбаседа Кавказан регионаша административан дозанаш дIацIандан деза блокпостех. Массо а республикашна юкъахь посташ ю хIиттийна. Царех хуьлуш пайда а бац. Зуламхой дехьа ца билийта тухуш ду и зайлаш? Царна дехьа-сехьа бийла некъаш карор ду ишта а. Вуьшта, бахархоша дукха хан йойу цу дуьхьалонех чекхбуьйлуш", - аьлла, яздира Кадыровс шен Телеграм-каналехь.

ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалхойн бартхилла шина субъектна юкъара посташ дIайохуш аьлла, хаамбира 2018-чу шеран ГIуран-батахь, оцу заманчохь гIалгIайн куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бека.

Шаьшиннан гIулчца йоллу Къилбаседа Кавказерчу регионашна масал гайта воллу аьлла, билгалдаьккхира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо. "Адамашна юкъахь данне а дац дозанаш ХIинццалц а санна юкъаметтигаш лелор ю кхин а тIехдика. Доллучух а кхета цхьа хан оьшу, кхиаме гIертар ду-кх вай", - аьллера Евкуров Юнус-Бека.

Къилбаседа Кавказерчу бахархошна лазаме йолу и тема юха а меттахъяьккхира Лахьанан-бутт чекхболуш Кадыров Рамзан Медведев Дмитрийца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа. Нохчийчоьнан куьйгалхочо хаам бира, Медведев "тергаме хьаьжира Къилбаседа Кавказерчу некъашкахь низамца лелачу нахана дIасалела халонаш кхуллу, тайп-тайпана кира дIасалела новкъарло йон, ерриг а Къилбаседа Кавказна вочу агIор имиджана Iаткъам беш бакъян мегар йоцу новкъарлонаш йон блокпосташ латтарца йоьзначу цу проблеме" аьлла.

Ткъа ГIуран-беттан 6-хь Нохчийчоьнан куьйгалхо медиафоруме кхайкхинера ХIинжа-ГIала. Цига бахка безаш бара республикийн куьйгалхой а, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказан федералан гонехь векал волу Матовников Александар а.

Журналисташ Кадыровга хатта дагахь бара блок-посташ дIаяха иза гIерташ хиларх а, ткъа иштта кхетор деха цуьнан позици муха йогIуш ю Дагестанан дозанца керла блок-посташ гучуйовларца бохучух.

Хьалха уьш хIиттор доьзна лоруш дара Нохчийчу "контрабанда", вуьшта аьлча малар чукхехьар халонга даккха.

Амма Кадыров медиафоруме ца вахара, ткъа блок-постех лаьцна хаттар делира Матовниковга.

Оьрсийчоьнан президентан векало жоп делира, блокпосташ цхьанне а новкъа яц аьлла. "Низам а ца дохош, тийна вехачу лартIахь волчу стагана уьш цхьа а проблема яц", - жоп делира Матовниковс. Ткъа посташкахь ницкъаллин структурийн белхахоша ахчанаш дохуш хиларх лаьцна хаттарна жоп луш элира, "заявлени" язде аьлла.

Блокпосташ дIаяхарарн коьрта агIонча волчу Кадыровс цхьа а реакци йоцуш дитира иза. Иза кхеташ дара, хIунда аьлча Матовниковс нисса дIахаийтира и хаттар президенто къастор хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG