ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказан регионаш хьалха йу безаман романаш эцарехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчохь безаман романан жанрехь стохка 46 процент киншкаш йоьхкина, и терахь йухкуш йолчу йоллу хIуманел эханне а ца кхочу – пачхьалкхехь уггар а лакхара дакъа ду и, хаамбина* информаци ТАСС агенталло, книгийн "Литрес" сервисо бинчу талламашна тIетевжина.

Безаман романашца интерес йолчу пхеа регионан-лидеран топехь йу Нохчийчоь, Дагестан, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь – 25 процентана тIера 32% проценте кхочу цигахь йоьхкинчу книгийн дакъа.

Билгалдоккху, цхьа ГIалмакхойчоь йоцчу йоллу регионашкахь безаман жанрехь къаьсттина гIарайаьлла йу digital-авторийн книгаш.

* "Литрес" сервисо шен талламехь зийна 84 регион, аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а, Украинан оккупаци йинчу Донецкан, Луганскан, Запорожьен, Херсонан кIошташкара хьал лериний оцу зерашлахь, хууш дац.

  • Оьрсийчохь 2023-чу шеран йуьххьехь эзотерин литература къаьсттина йезаш тIеэцар хааделла Къилбаседа ХIирийчохь. Оцу декъехь 2023-чу шеран дечкен-марсхьокху беттанашкахь оцу регионехь йерриг а йоьхкинчу терахьаллин книгийн процент йу 4,37. Эзотерин литературе интерес хиларца топехь йолчу пхеа регионашлахь нисйелла ГIебарта-Балкхаройчоь а.
  • 2022-чу шеран товбеца-баттахь Буьри-ГIалара полицин белхахоша йукъахйаьккхира Тлостанова Мадинин "Деколониальные гендерные эпистемологии" книгина йен презентаци. Жимчу барамехь дуьххьара 13 шарчохь йуха арахецнера и книга. Официалехь ницкъахой бахкаран бахьана дара йихкинчу "Иеговн тешаш" организацин гулам бу цигахь аьлла, анонимехь бина хаам. Барам хIотточара дIахьедира, книгин темо кхерийначу меттигерчу хьакамаша кхерамаш тийсира шайна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG