Нохчийчуьра, Дагестанера, ГIалгIайчуьра, Къилбаседа ХIирийчуьра, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, Кхарачойн-Чергазийчуьра (иштта Алтайра, Тывара) дIабоьлхучу къоначу говзанчашна "гIоьнна лерина" ахча даларан аьтто толлур бу оьрсийн Iедало. 116 800 сом кхачо тарло оцу планашца "белхан меттигийн къелла йолчу" Къилбаседа-Малхбузенан, Геннарчу Малхбалера а регионашка балха хIиттинчу 35 шаре кхачалц болчу бахархошна, хаам бо "Ведомости" гIирсано, Оьрсийчоьнан къинхьегаман министраллин проектана тIе а тевжаш.
Белхан меттигел а болх лоьху нах кIезга болчу регионашкахь белхазалла лахъян гIерта Iедал. Белхазаллин зерашна тIехула хIоттийна хьаькамаша шайн проект – Къилбаседа Кавказехь цуьнан барам юккъерчу хьолехь 9% бу, ерриг пачхьалкхехь чулла шозза дукха.
Ахча даларан бехкамаш хIинца хууш дац, и проект тIе эцна ца хиларна – дийцарехь, ахча шина этапехь схьалур ду, балха хIоттаран кехат яздича: белхаллин центре арз кховдийна цхьа бутт а, ах шо а даьлча. "ГIоьналлин" ахча муьлхачу Iалашонашна лерина ду, дуьйцуш дац.
- 2021-чу шеран жамIашкахь хиира, ГIалгIачохь уггара кIезга хан йойъу болх лохуш – юккъерчу барамехь 6,9 бутт. Нохчийчохь болх лохуш 7,7 бутт хан йойъу, ГIебартойн-Балкхаройчохь – 9,7, Дагестанехь – 9,9, Къилбаседа ХIирийчохь – 11,7, Кхарачойн-Чергазийчохь – 12,6 бутт.
- 2022-чу шеран хьалхарчу кварталан жамIашца, белхазаллин барамца уггара чолхе хьал Къилбаседа Кавказан федералан гонехь дуьссуш ду. Пачхьалкхехула юккъерчу барамехь белхазаллин терахь 4,4 далахь, Кавказехь – 11,6% ду.
- Бахархойн юкъараллин Фондан талламца а догIуш, Оьрчийчохь уггара кIезга алапаш ду Нохчийчохь – 30 эзар, Дагестанехь – 32,3 эзар, ГIебартойн-Балкхаройчохь – 32,6 эзар, ГIалгIайчохь – 35,1 эзар.
- Къилбаседа Кавказан пхи республика къинхьегамах лучу ахчан лаххарчу тIегIанал (МРОТ) а кIезга алапа кхочочу нахаца дуьстича, уггаре ледарчу хьолехь ю Оьрсийчоьнан регионашлахь.
- Волгоградан кIоштан студентийн тобано дIахьедина, 2014-чу шарахь тохарш а дина йохийна йолу Саур-Могила хIоллам меттахIотто а, "меттиг къепе яло" а ДНР шех олучу махка новкъабовла лаамхой гулбеш бу, аьлла. Цига ваха луучунна дезар ду газ а, ток а йоцуш четарш чохь баха – говзалла йолчу гIишлош йоттархошна гIо дийр ду цара, масала, гIум а, цемент а схьакхачош.