ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказaн  йиъ республика социал-экономикин хьелашца эшначеран могIарехь нисйелла


Магас, ГIалгIайчоь
Магас, ГIалгIайчоь

Оьрсийчуьра социал-экономикин хьолан 2022-чу шеран жамIаш дина. Къилбаседа Кавказера йиъ республика цу рейтингехь пачхьалкхан мехкашлахь эшначу иттана йуккъехь нисйелла. РИА "Рейтинг" йу и терахьаш* далийнарг. Стохкалерчу хьолал гIоле а дац кхушарлерниг.

85 хила тарлочарех меттигех 81 кхаьчна ГIалгIайчоьнна, 18,3 ( 2021-чу шарахь - 17, 8), 80 меттиг кхочу Кхарачой-Чергазийчоьнна 18,7 (18, 6); 78 меттигехь нисйелла КIилбаседа ХIирийчоь - 20,4 ( 18,1), 77 меттехь ГIебарта-Балкхарчоь 23,5( 21, 9). Нохчийчоь 69-чу меттера 70-чу метте охьайаьлла, 29, 3 балл оьцуш (2021-чу шарахь хиллачу 29, 4 дуьхьала). Адыгеехь а терахьаш охьадевлла: стохка 29 дара, 2021-чу ш. - 29,5.

Тоьллачу кхаанна йуккъехь нисйелла Москва а (89,6) Санкт-Петербург а (86), Татарстан а (80,1). Рейтингера тIаьххьара меттиг Жуьктийн автономин махкана кхаьчна.(12, 2).Талламшкахь тидаме эцнарш сурсатийн эвсаралла, бахархошлахь цхьана стагана кхочу дахаран аьттонаш, белхазалла, бюджет лелор, кхинболу гайтамаш, аьлла ду хаамна йинчу комментарехь.

*Оьрсийчоьнан официалерчу зерашлахь йу аннекси йина ГIирма а. Дуьненчуьра дукхахйолчу пачхьалкхаша аннекси къобал ца йина. Рейтинг дIахьочара хIоттийначу картан тIехь Украинин Донецк, Луганск, Херсон, Запорожи а йу билгалайаьхна. Церан аннекси ша йарах Оьрсийчоьо 2022-чу шарахь дIакхайкхина ду. Цу аннексина а дуьненчуьра йерриге пачхьалкхаш аьлча санна дуьхьала йу. Амма ГIирма санна царех цхьа а йац Оьрсийчоьнан карахь.

  • Йуккъелоцу хIинца аннекси йина ГIирма а, Севастопол а. Амма ца лоцу оккупаци йина Украинин Запорожин, Херсонан мехкаш. Иштта ца лоцу цу йуккъе сепаратистийн "ДНР", "ЛНР".
  • Дийцина ма-хиллара, ГIалгIайчоь белхазаллин хьолаца Оьрсийчоьнан мехкашлахь уггаре эшна лоруш йу. Цигахь 2022-чу шеран хьалхарчу декъехь терахь 29,3% дара, гIуран-баттахь терахь 30% тIе хьаладаьллера. Пачхьалкхера йуккъерчу барамал йалххуза лакхара дара иза.
  • Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхархойчоь, Кхарачойн-Чергазийчоь, Нохчийчоь республикаш "белхалойн шорталла" йолу мехкаш аьлла билгалйаьхна йу. Цу мехкашкара а, (Алтай, Тува а царлахь) белхазалла 35 шаре кхаччалц болу къона нах "белхалой ца тоьучу" мехкашка дIабахарца нислур ду аьлла хета урхаллехь болучарна. Дукхахьолахь - Сибреха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG