ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 75 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 1 391– цомгуш хилла


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 75 пациент, цомгуш хилла кхин 1 391.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 33 вахархо, Ставропол-махкахь – 12, Дагестанехь - 11, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а - виъ-виъ, Кхарачой-Чергазийчохь - 3, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а - шишша велла.

Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 14 126 стаг, боху официало.

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставрополь-махкахь, лахара – Кхарачой-Чергазийчохь.

Ставрополь-кIошт̆ + 341 (68 905 ву пандеми яьржичхьана)
Краснодаран мохк + 255 (62 421)
Дагестан + 203 (44 316)
Нохчийчоь + 155 (176 64)
ГIалмакхойчоь+ 105 (26 262)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 90 (281 52)
Къилбаседа-ХIирийчоь+ 68 (19 601)
Адыгей + 59 (170 47)
ГIалгIайчоь+ 155 (176 64)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 55 (23 121)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 32 5990 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Марсхьокху-беттан 13-чу денна и терахь ду 65 570 68 .

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG