ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 74 стаг велла уьнах


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина 676 дар, ун даьржина 1 285 бахархошлахь.

Оперативан штабан статистикаца, Краснодаран кIоштахь велла уьнах 28 дархо, Дагестанехь - 15, Ставропол-махкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - ворхI-ворхI, Нохчийчохь - пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь -виъ, ГIалмакхойчохь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а - кхоккха, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а цхьацца кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Качвказехь уьнах чекхваьлла пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах 12 559 стаг.

Къаьсттина дукха бу вирус кхетта нах тIаьххьарчу дийнахь -буса динчу зерашца, Ставрополан махкахь, уггар а кIезиг бу – Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а.

Ставрополь-мохк + 293 (62 429 ву пандеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 252 (57 228)
Дагестан + 205 (40 301)
Нохчийчоь + 123 (15 095)
ГIалмакхойчоь + 115 (23 995)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 82 (26 400)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 57 (21 983)
Къилбаседа-ХIирийчоь+ 54 (18 324)
ГIалгIайчоь + 52 (17 248)
АдыгеI + 52 (15 962)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 298 919 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Товбеца-беттан 24-чохь, официалан хаамашца, 6 102 469 * коронавирус кхетта нах.

*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG