ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь ницкъ лайнарш кIелхьарабахарх доклад арахецна бакъоларйархоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2023 шарахь болх бан йолайеллачу Ad Rem проекто шайн дуьххьара доклад арахецна, доьзалехь ницкъ лайна нах кIелхьарбахарх лаьцна – Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Нохчийчохь бина цара и белхаш. Къилбаседа Кавказехь оцу балханна новкъарло йеш йолу факторш йийцина цара.

Талламехь 12 зен хиллачу наха дакъа лаьцна, 16 эвакуацин волонтераш-дакъашхоша а, доьзалехь ницкъ лайначаьрца болх барехула пхеа эксперто а.

Билгалдаьлла, доккхачу декъанна, орца доьхург 18-30 шераш долу зударий бу, марехь болуш, йа хиланза. Орца дехаран дуьххьара бахьана – доьзалехь йеттар, цул тIаьхьа ненера бераш схьадахар а, уьш цунна ца гайтар а ду, цул тIаьхьа "сий лардеш зуда йер" олург ду. Иштта докладехь дуьйцу, зударшна тIехь психологин ницкъбар даржарх, динехь йу боху практикаш цаьрга лелайайтар, ницкъахой тIаьхьбевлла лелар а, сексуалан ницкъбар, бертаза маре йигар.

Зударшна гIо дарехула Оьрсийчуьрчу ледарчу хьолах а дуьйцу докладехь (социалан гIо ледара хилар, бюрократи, ницкъбаран артиклана декриминализаци йар, ницкъбинчу стагна зудчунна йисте ваха духьало йеш низам ца хилар, иштта кхин а), и хьал кхин а чолхе доккхучу Къилбаседа Кавказерчу хьолах (ламастийн, патриархалан низамаш, доьзал къаьстича бер деца дитар, "доьзалан гIуллакхашца" полицин боцу бала, иштта кхин а). Цул сов, цигахь дуьйцу, ницкъ лайначарна тIехьбевлла леларх (масала, хIума лачкъийна аьлла харц бехкашца лехамашка балар).

Кхоччуш эвакуаци йаран фактораш билгалйаьхна бакъоларйархоша, иштта гIо дан уьш дуьхьал хиларан бахьанех дийцина, оцу кепара болх бан луучу жигархошна хьехарш дина.

Ad Rem проекто берашна тIехь Iуналла деран гIуллакхаш леладо, дискриминацех, доьзалехь ницкъбарх, сексуалан хьийзорех зен хиллачу зударшна гIо до, иштта шайгарчу хаамашна анализ йо.

  • Нохчийчохь зударийн интересашкахь къоман стратеги тIеэцна – оцу документа тIехь аьлла хIумма а дац доьзалехь ницкъбарна профилактика йарх. Оцу йукъанна тIаьххьарчу беттанашкахь оцу республикица доьзна ду къаьсттина нахала даьлла, шайн доьзалашкахь гIело латторах бевдда зударий лечкъор, сецор. Билггал йолчу проблемех хьулдар, волайнхой шаьш бехкебар – и кепаш дукха хан йу Iедалхоша лелон, боху Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъоларйархоша.
  • Нохчийчохь кхеташо кхоьллина, дIахьедина ма-хиллара, зударийн бакъонаш ларйан а, йукъараллехь церан меттиг айъа Iалашонашца. Декъашхошлахь цхьа зуда бен йац йац – Кадыров Рамзанан йоI Iайшат. Регионан вице-премьеран даржехь йу иза хIинца.
  • Къилбаседа Кавказера бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Команда" организацин (КПП) филиалан юристана Аламов Мохьмадна а, цуьнан доьзална а кхерамаш тийсинера дойур ду шу бохуш, цо ГIалгIайчуьра Минеральные Воды гIала дIайигинчу Яндиева Маринин гергарчара. Бакъоларйархочо шен машенахь дIакхетийнера и йоI. Оцу стеган пхи бер ду, вуно цомгаш да ву.
  • Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байарх "Правовая инициатива" проекто бинчу талламо гайтарехь, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц схьа 39 адам дийна, царех кхоъ борша стаг вара. Бакъоларйархойн хаамашца, дукха хьолахь дойу марехь доцу зудабераш, йа марера цIабаьхкина кегий зударий, цхьа наггахь нисло цаьрца марехь берш а. Дайша, вежарша, хIусамдайша, девежарша бойу уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG