ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 57 дархо, ун даьлла ву - 1167


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, 57 дархо велла COVID-19 уьнах, кхин а тIе цомгаш хилла 1167.

Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь велла 25 стаг, Норхчийчохь – бархI, Ставропол-махкахь а, Дагестанехь а - ворхI-ворхI, ГIебарта-Балкхаройчохь -виъ, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а - шишша велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла COVID-19 вирусах 12 077 стаг.

Къаьсттина дукха буу н даьлларш тIаьххьарчу дийнахь-буса Ставрополан кIоштахь, кIезиг бу – Адыгейхь.
Ставропол-махкахь̆ + 245 (60 241 ун даьржичхьана)
Краснодаран кIошт+ 232 (55 302)
Дагестан + 198 (38 705)
ГIалмакхойчоь + 112 (23 095)
Нохчийчоь + 112 (14 075)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 71 (25 792)
ГIалгIайчоь + 54 (16 820)
Къилбаседа-ХIирийчоь + 53 (17 898)
Кхарачой-Чергазийчоь + 53 (21 535)
АдыгеI + 37 (15 565)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 289 028 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Товбеца-беттан 14-чохь, официалан хаамашца, 5 907 999* коронавирус кхетта нах.

*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG