ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велла 58 дархо, кхин тIе а цомгаш хилла – 1217 стаг.
Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь велла 27 пациент, Нохчийчохь – бархI, Ставропол-махкахь – ворхI, Дагестанехь -виъ, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а, ГIалмакхойчохь а – кхоккха велла, ГIалгIайчохь - цхьаъ.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла COVID-19 вирусах 12 308 стаг.
Къаьсттина дукха бу у н даьлларш тIаьххьарчу дийнахь-буса Ставрополан кIоштахь, кIезиг бу – Адыгейхь.
Ставропол-мохк+ 271 (61 292 пандеми йолаелчхьана)
Краснодаран кIошт + 239 (56 237)
Дагестан + 197 (39 496)
Нохчийчоь + 125 (14 574)
ГIалмакхойчоь + 108 (23 539)
ГIебарта-балкхаройчоь + 75 (26 084)
Кхарачой-Чергазийчоь + 57 (21 753)
ГIалгIайчоь + 52 (17 034)
Къилбаседа-ХIирийчоь + 52 (18 110)
Адыгей + 41 (15 725)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 293 844 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Товбеца-беттан 20-чохь, официалан хаамашца, 6 006 536* коронавирус кхетта нах.
*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.