ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера бахархой Гуьржийчу ца буьту. Постехь буьйсанаш яха декхаре бу уьш


Оьрсийчоьнан а. Гуьржийчоьнан а дозанехь гулъйелла раьгIнаш
Оьрсийчоьнан а. Гуьржийчоьнан а дозанехь гулъйелла раьгIнаш

Гуьржийн контролан пунктехь де-буьйсанаш даха декхаре бу Къилбаседа Кавказера бахархой совнах дечу хеттаршна тIехула. Оцу юкъанна, уьш пачхьалкха чу буьтур бу ала гарантиш яц.

Къилбаседа ХIирийчухула Гуьржийчу кхача гIертачаьрца яьхна видеош а, суьрташ а зорбанашка доху иттанашкахь телеграм-каналаша. Масала, оппозицин нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос яздо, масех де а ду адамаш юург йоцчу меттигехь латтон, ткъа дьюти фри дуьхьал хуьлу царна и латтон аьлла.

"Нохчий а, кавказхой а биттане чу ца буьту. Паспортан контролехь 222-чу кабинете хьийсабо, цул тIаьхьа юхаберзабо. Къаьсттина нохчашна, вайнахана тIехь деш ду и хIума. Ламеш тIехь а, массо а меттигехь дуьйшина Iохку и бераш", - боху видеон авторо нохчийн маттахь.

Дозанерчу хьолах лаьцна тIечIагIдира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелхь Нохчийчуьра вахархочо. Кху деношкахь ницкъ кхечира цуьнан Гуьржийчу кхача – дехьавалийтира иза цуьнан "бух бахьанехь". Къамелдинчо дийцарехь, 90% кавказхой юахберзабора, яккхий адамийн тобанаш гулъйеллера цигахь, амма кIезиг яра [видеош тIехьчул а]".

Tbilisi_life телеграм-каналан хаамашца, Къилбаседа Кавказан бахархошна тIехь леррина терго латтош хиларх лаьцна карарчу шеран стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна кхочура тоьшаллаш.

  • Пачхьалкхера дукха нах гуьржийн дозанехьа гIоьртина хиларца БуьритIехь посташкахь аравийларна доза туьйхира. Цунах лаьцна хаамбира цхьа могIа телеграм-каналаша. Дозанаш туьйхира гезгамашин-беттан 23-чу буса – "Колесо Балсага" телегарм-каналан зерашца, 3:30 хан яьллачу заманчохь Московское шоссе а, Костан проспект а вовшахкхеттачохь йолчу ГИБДД-н постехь дIасалелар сацийра.
  • Гезгамашин-беттан 23-чохь бинчу хаамашца, "Верхний Ларс-Казбеги" дозанхойн пунктана гергахь Къилбаседа-ХIирийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а юккъехь, пачхьалкхера арабовла луучийн дуккха а километаршкахь машенийн рагI хIоьттира. Гуьржийн блогеран Лившиц Николайн хаамашца, 15 километар гергга яра хIоьттина машенийн рагI.
  • Гезгамашин-беттан 21-чохь цхьанадекъана тIеман мобилизаци кхайкхийра Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Оцу юккъехула изза хьал тергалдира Казахстанца а, Беларусица а, Финляндица а долчу лаьттахула дIасалелачу дозанашкахь а. Оьрсийчуьра дIа виза ца оьшучу мехкашка лелачу кеманашна билеташ дIаийцира цхьана дийнахь-бусий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG