"Популярная политика" ютьюб-каналехь арайаьлла журналистан Аллеман Иринин фильм – доьзалехь латточу гIелонах, бертаза маре дIабала хьийзорах, ориентацина тIехула лецарх, атеизмах, йа доьзалехь латточу гIиллакхашца баха ца лаарна регионера бовда луучу нахах. Цхьаблчийн ка йолу, цхьаболчийн – ца йолу.
Фильмехь йуьйцу Дагестанан Хасав-Йуьртара Ухманова Элинин истори, атеизмах а, бисексуалах а "дарба лелийна" хиллера цунна. Нохчийчуьра Тарамова Хьалиматан а, кадыровхоша ХIинжа-ГIалара шелтерера лачкъийна, нуьцкъаша шен дега-нене дIайелира иза. Нохчийчуьра вежарийн Магамадов Салехьах а, Исаев Исмаилах альцна а, цу шиннах цхьаъ гей вара, шолгIаниг гендере дехьавала кечлуш хиллера – царна бехкбиллира шайггара дуьхьал айдинчу гIуллакхца, гIаттамхошна сурсаташ латтийна аьлла.
Къилбаседа Кавказехь шайтайпа ницкъбарх, "ламастин мехаллаш" йукъа ца догIучу адамашка Iазапаш хьоьгуьйтучу "рехабех", Къилбаседа Кавказера, уггар а хьалха, Нохчийчуьра, ницкъахоша хIунда, муха лечкъбао нах дуьхьало а йоцуш кхечу регионашкахь а цхьаьна дийцира фильман авторшна эксперташа а, жигархоша а. Кризисан "СК SOS" тобанан куьйгалхо Истеев Давид, "Гражданское содействие" комитетан хьалханча Ганнушкина Светалана, бакъоларйаран "Марем" тоба кхоьллина Анохина Светлана а, кхинберш а бу уьш.
- Лахьан-беттан 3-чохь Берлинехь схьайиллира No Such People Here ("Тхан ишта нах бац") гайтам. Цигахь охьайехкинера Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а сексуалан ориентаци бахьана долуш ЛГБТК+ лоьцучу нехан долара хIуманаш, аудиош, суьрташ, Цуьнан цIе тилла дагадеара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикехь гейш бац аьлла, динчу дIахьедарна йукъара дешнаш схьаэцна.
- Стохка лахьан-беттахь, нохчийн гейш а, зударшца шовкъ йолу мехкарий а кIелхьарабохуш, Оьрсийчоьнан ЛГБТ-жигархоша бечу балхах лаьцна Welcome to Chechnya ("Марша догIийла Нохчийчу") кинон режиссерна Франс Дэвидна а, спецэффектийн директорна Лейни Райана а леррина HTA Awards жюрин приз йелира "Креатив а, инноваци" а гайтарна аьлла. Голливудехь хIора шарахь дIакхачош ду HTA Awards-ан совгIаташ кинош, сериалаш, йоца метраж йолу фильмаш, рекламан видеош йахарна.
- Къилбаседа Кавкахера иттаннашкахь кегийрхой, зудабераш Iиттало доьзалехь гIело латторца, цхьаболчийн аьтто хуьлу цIера бовда. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира оцу кепарчу хиламех, тIом бирзинчул тIаьхьа бакъоларйархойн болх муха хийцабелла а "Марем" тоба вовшахтоьхначу, Кавказера зударшкарчу хьолах лаьцна "Даптар" гIирсан коьртачу реадкторца Анохина Светланица.
- Нохчийчохь, Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь а санна, доьзалехь ницкъбар чIогIа ира лаьтташ проблема йу, хууш ду сий лардеш байина нах хилар, гергарчара наз лечкъорах бераш схьадахарх. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа билгалдоккху, хIинца хIоьттинчу политикан рожехь республикера зударшна тIехь ницкъбар хила дезарг санна тIеоьцуш хиларх.