ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера хIора пхоьалгIа вахархо хила тарло антисемистан жьежамаш болуш – "Вёрстка"


Дербентера синагогехь, архивера сурт
Дербентера синагогехь, архивера сурт

Кремлан чоьхьарчу социологин зерашца, жуьгташкахьа "цхьана маьIнехь боцу" йа негативе хьежам бу аьлла, дIахьедина 15-20% Къилбаседа Кавказера бахархоша. Цунах лаьцна хаийтина "Верстка" хьасто Оьрсийчоьнан парламентан герга йолчу хьасташна тIетевжина.

Иштта Израилан ХЬАМАС-ца болчу тIамехь паленстинхошкахьа бу Оьрсийчохьчул а шозза сов Къилбаседа Кавказера нах – хеттарш динчийн эханне кхача тарло тIегIа.

Антисемитийн дог-ойла йаьржина йоллушехь, федералан дакъа дагахь дац Къилбаседа Кавказера жуьгтий Iалашбеш барамаш дIабахьа, хIунда аьлча, хьасташа дIахьедарца, уьш йукъа ца гIерта "синогагаш йохош а, символш хIаллакйеш а".

"Кавказский узел" гIирсо дагадоуьйту Къилбаседа Кавказехь раввинашна дина тIелетарш. Масала, 2020-чу шарахь дагестанхойн Буйнакскехь вийра раввин Пашаев Изиягу, официалан версица, зулам динера бахаман хьелашца доьзна. 2013-чу шарахь тIелетар дира Дербентера раввина Исаков (Овадью) Артурна. Цул а шо хьалха Дербентера синагогана хьалха эккхийтар дира. 2007-чу шарахь иштта тIелетира Исаковн цIенна а, синагогина а.

  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а терроран организаци леринчу ХЬАМАС радикалан тобанан тIемалоша Израильна тIелеттачул тIаьхьа ГIазза секторехь Израила тIом болийча, Дагестанан бахархой маьрша акциш хIиттон буьйлабелира Палестинехьа, амма уьш полицино дIайохийра.
  • ГIадужу-беттан 28-чохь Хасав-Йуьртан бахархой гулбелира "Фламинго" хьешан цIенна хьалха, цигахь дIатарбелла Израилан бахархой бу аьлла хезна. Оцу гуламна бакъоларйаран органийн белхахоша новкъарло ца йира.
  • ШолгIачу дийнахь жуьгташна дуьхьал йаьккхинчу акци бевллачу декъашхоша дIалецира ХIинжа-ГIалара аэропорт. Аэропорте чубоьлхучу а, арабуьйлучу а нехан кехаташка хьуьйсура гулбелларш, палестинхойн къомехьа буй хьовсу шаьш бохуш. Цул тIаьхьа аэропортан гIишло чу а, кеманийн майдана а кхаьчнера уьш. ТIеман беракемана тIехь спецназан эскархойн арабаха дийзира Тель-Авивера деанчу кемана тIера нах.
  • ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепедацарш лелийначу "цхьанна а гечдийр дац" элира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс йуьхьанца, амма гIурт эккхийтинчарна гечдар доьхуш, кхайкхамаш бинчул тIаьхьа шен риторика хийцира цо:"Хилларг хилла даьлла" аьлла, дIа а хьедеш. Кавказ.Реалиин сайто теллира, муха хийцайелира Меликовн оцу хаттарехула йолу позици.
  • ХIинжа-ГIалара аэропорт дIалацарх президенто Путин Владимира пайдаийцира Малхбузе бехкейеш а, иштта Палестинехьа тIемаш бар кхайкхийра, амма Украинан дозанаш тIехь. Вашингтон а, Киев а аьттехьа реза йац Дагестанера къепедацарех шаьш доьзна, хиллачух жоьпалла Оьрсийчоьнан Iедалхошна тIех дуьту цара.
  • ГIебарта-Балкхаройчоьно а, Кхарачой-Чергазийчоьно а хьалхо дакъалецира жуьгташна дуьхьал хIиттийначу акцешкахь: Черкесскехь "жуьгтий арабаха" бехира, Нальчикехь хIинцца йеш хиллачу жуьгтийн культурин центран гIишлох цIе тесира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG