ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера хьал уггар а боккха сингаттам бу аьлла Путинца хиллачу цхьанакхетарехь режиссёро Сокуровс


Сокуров Александр
Сокуров Александр

Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхошца хиллачу онлайн-цхьанакхетарехь еарин дийнахь Оьрсийчоьнан президентан а, кинорежиссеран Сокуров Александран а шога къамел хилла, Оьрсийчохь Iитталучу дуккхаъчу проблемех лаьцна цо дIа а хьедеш, пачхьалкх хийца еза аьлча. Сокуровн къамеле а, цунна Путина деллачу жоьпе а хьажа аьтто бу Кремлан сайта тIехь зорбане яьккхинчу видеохь, (стенограммехь зорбане яьккхинчу видео тIехь хIара дискусси цкъачунна яц ), яздо Свобода Радионо.

ХIун дийцина Сокуровс

Шен къамел долийра режиссеро чоьхьарчу Оьрсийчоьнан политикех лаьцна, беза мах цуьнан хилар хьахош, Беларусь а, ша шен суверенитет дIакхайкхийна Къилба ХIирийчоь а, Шема а пачхьалкхо "латтош" хилар билгалдоккхуш. Иштта режиссеро критика йира карарчу хенахь Оьрсийчоьнан дIахIоттамна, большевикийн политикан тIаьхье хиларх дIа а хьедеш.

Сокуровна хетарехь, Оьрсийчоьнан декъехь а йолуш, "къаьмнийн башхаллаш" лелайо цара, церан шайн "эскарш" ду, "паччахь" ваьлла церан.

"Федераци ю, ткъа стенга яхна Оьрсийчоь?"- хаьттира Сокуровс.

Уггар а йоккха проблема лерира цо Къилбаседа Кавказехь долу хьал, доккхачу декъанна, Нохчийчоьнна мехкан дозанан дакъош дIаделлачул тIаьхьа йолийна ГIалгIайчуьра протесташ хьахош, оцу тIехула лаьцна латточу протестан лидерийн цIераш а йохуш, уьш маьршабахар тIе а дожош.

Иштта Сокуровс аьлла, федерацехь "дукхахболчарна оьрсий ца безаш санна" шена хетарх. "Вайх дIакъаста лаьа", - элира режиссеро, шен къамелаш хиллачу Кавказерчу бахархошна хетарг чоьте а оьцуш.

"Вайца цхьана пачхьалкхехь кхин дIа баха цалуурш, дIахеца вай", - элира цо.

Сокуровс хьахийра пачхьалкхехь ницкъаллин структурийн "политизацех" а, жигара бахархойн позици бахьана долуш кегийрхой леца оьшуш цахиларх а, "ницкъе, жигара оппозици" эшарх а, коммерцица йоьзна йоцчу организацешна тIаьхьабевлла лелар а сацон деза аьлла.

Режиссеро дагаяийтира Путинна, ша шена тIе куьйгаш даьхьна, елла журналист Славина Ирина а, бакъоларъярхошна хетарехь, бух боцчу гIуллакхна тIехула чохь латтош волу историк Дмитриев Юрий а, талламхойн тергонехь латтош волу политик Резник Максим а, зорбан гIирсашца а, коммерцица йоьзна йоцчу организацешца лелон дискриминаци, уьш "арахьара агенташ" а лоруш, пачхьалкхера кегийрхой дIаоьхуш хилар а, - кхайкхамбира президенте ойлаяхьара аьлла, хIун нийса дац пачхьалкхца, стенгахь хуьлуш ду хIара дерриг а.

"Керлачу Оьрсийчоьнан ойла ян еза", - аьлла, дерзийра шен къамел Сокуровс.

Путинан реакци

Хаалучу резавацарца жоп делира Путина цуьнан къамелана.
"Бехк цабиллар деха хIума ду, хIунда аьлча, вистхилар дацара хьайниг, манифест яра, кхерамаш гулбина", - аьлла цо.

Путина бахарехь, Конституцехь хийцамаш беш дIабаьхьначу харжамаша тоьшалла до, Оьрсийчохь сепаратизм оьшуш цхьа а цахилар, иштта, нохчийн къам а цхьаьна.

"Оьрсийчоьнан Федераци йоха лууш ду оьрсийн къам? Москови ян лууш ву хьо вайх? НАТО-хь лууш бу иштта хила",- элира Путина.

"Вайн 2 эзар территориалан претензеш ю пачхьалкхехула", - боху Путина, и йоллу проблемаш массарна а хезаш йийцареян езаш цахиларх дIа а хьедеш, бехкбаьккхира Сокуровгара, къаьмнийн юкъаметтигех хаттар ду цо айдинарг аьлла.

"Хьуна а цхьана магийта йиш йоцург ду иза. Кхераме ловзоргаш ю уьш!", - дIахьедина президенто.

Оьрсийчоьно кхобуш ю Беларусь бохург а, бакъ ца дира цо.
"Массарна а хезаш иштта олийла дац", - элира Путина, "партнерашкахьа ларам бацахь" гIуллакх хир дац" аьлла, дIа а хьедеш.

"Цхьадерг дуьххьала аьлча гIоле ду, цхьадерг ца дуьйцуш дитича гуттар дика ду", - элира Путина.

"Боккъал конфликт хилла президентца"!

Муха дирзира хьан къамел аьлла, Север.Реалии корреспонденто деллачу хаттарна жоп лучу Сокуровс аьлла: "Боккъал а конфликт иккхина сан президентца оцу цхьанакхетарехь, цундела цхьа а хIума олийла дац сан".

СПЧ-н декъашхошца онлайнехь хилла цхьанакхетар лаьттира пхеа сохьтехь гергга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG