ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера 11 вахархо лаьцна, 1 млрд сом харц ахча дарна – ФСБ


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь, Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Ростовн махкахь харц пхи эзар ахчан кехаташ деш хиллачу зуламечу тобанан декъашхойн 18 хIусаме хьежна ницкъахой, аьлла дIахьедина ФСБ-н пресс-сервисехь. Лерринчу сервисийн хаамашца, харц 1 млрд сом дан кхиъна уьш.

ФСБ-н йукъараллин зIенийн центран хаамехь дийцина ма-хиллара, Дагестанан Левашинскан кIоштахь деш хилла ахча. Йиъ регионехь хIусаме хьежарш дIадоьлхучу йукъанна бехкечаьргара Американ долларш а, оьрсийн соьмаш а даран техника, компьютерш, банкан карташ, 20 млн сом а даьккхина. Цул сов, лерринчу сервисаша дIахьедира, автоматаца лелош болу 300 герзан гIирс схьабаьккхина аьлла.

11 стаг дIалаьцна, царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан 3 декъан 186-чу артиклехула (харц ахча, мехала кехаташ дар, уьш лелор, дIасадахьар, дIадохкар). Кхиндолчу бехкех лаьцна дуьйцуш дац, лаьцначийн цIерш а йохуш йац.

  • ГIалгIайчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Старополан а, Краснодаран а, Ростован мехкашкахь, кхин 26 регионехь а (аннекси йина йолу Севастополь йукъа а лоцуш) 68 стаг дIалецира, низамехь доцуш, герз меттахIотторна аьлла бехкаш дехкина.
  • Чиллан-беттан 8-хь Ставрополан мехкан Петровский кIотарахь ницкъахоша масех герзаца волу стаг вийра, дийцарехь, теракт йан кечлуш хиллера уьш, дуьхьало а йина бохура. Вийнарг виъ стаг вара, "украинхойн герзаца йолу националистийн терроран цхьаьнатохарца" боьзна бу бохура уьш.
  • Кавказ.Реалиин сайто дийцира, Украинера тIом болабелчхьана, украинхойн националистийн агIончаш бу аьлла бехкебеш болчу наханна тIехьбовлар оьрсийн ницкъаллин хьукматаша жигардаьккхина хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG