2022-чу шеран исс баттахь Нохчийчохь 1598 стаг тIепаза вайна лоруш вара. Къилбаседа Кавказехь байначу нехан ах дакъа ду и. Регионашкарчу полицин главкашкара хаамашна тIехула и зераш далийна Оьрсийчоьнан МВД-но.
ТIепаза байъинчу нехан терахьащца Оьрсийчоьнан регионашлахь кхоалгIачу меттехь йу Москва (2243) а, Москван кIошт а (1762) дIайаьлча.
Ницкъахойн официалан хаамашца а догIуш, дечкен-гезгмашин беттанашкахь 3122 стаг вара лоьхуш, дайначу шарца дуьстица масех процентана лахделла и терахь. Нохчийчоь дIайаьлча Ставрополан мохк бу тептарехь (551 лехамашка велларг), тIаккха Дагестан (304), Къилбаседа ХIирийчоь (235 вайна стаг). Къилбаседа Кавказехь уггар кIезга тIепаза байначу нехан терахь ГIалгIайчохь (110 стаг) а, Адыгейхь а (104) ду.
Оппозицин 1ADAT боламан хаамашца, 2022-чу шеран дечкен-баттера гIадужу-батте кхачалц йолчу хеначохь 281 меттигера вахархо лачкъийра. Масала, жигархойн хаамашца, марсхьокху-баттахь бахьанаш ца дуьйцуш лецира мел кIезга ткъе цхьа стаг.
- Нохчийчохь тIаьххьарчу кхаа шерачохь доьза вайна 4 984 стаг. Яккхийчу гIаланашца дуьстича, масала, Москвахь а, Москван кIоштахьчул а башха лахара дац и терахь. Байнарш наггахь бен ца карочу регионашлахь "лидер" ю Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь вовш волчу 1 700 стагах 20-30 бен карош вац. Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а хьал гIоле ду, амма цигахь а хIора итталгIаниг бен карош вац. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан диллинчу хьасташкара зерашна тIетевжина бина и хаам пачхьалкхан "Новости" агенталло.
- "Бакъонийн жигаралла" ("Правовая инициатива") проекто йовзийтина Нохчийчуьрчу "шолгIачу тIамехь" байначу нахах лаьцна ша йина проект. 330 стагах лаьцна информаци ю документехь. ХIора стеган цIерна уллохь дуьйцу иза къайлаваларан хьелаш. Цхьаболу хаамаш проекте белла гергарчара, кхиберш схьаэцна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан базера.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедора, махкахь къайлаха набахтеш йац бохуш. Масала, шен гIалин бухахь лаьцна латточу наханна лерина ларманаш йац бохура цо. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима къайлахчу набахтех лаьцна дийцира, иза ша хилла цу чохь, Кадыровс Iазап латторехь дакъалацарх а дIахьедира цо.
- 2020-чу шеран гезгмашин-беттан 6-хь Геленджикехь лачкъийра нохчийн оппозицин 1АДАТ боламан чатан модератор Тепсуркаев Салман. ТIаьхьо гергарчийн аьтто баьллера Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь йуйла хаа. 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Тепсуркаев бакъо йоцуш "нохчийн регистрацин номерш йолчу Toyota Camry машенашкахь нохчийн полицин Iаьржа духар доьхначу кхаа-пхеа стагах лаьттачу тобано" лачкъийна хилар.
- Марсхьокху-беттан 23-гIа де тIекхачалц бакъоларйархоша Тепсуркаев лачкъийнарг санна хьахавора. Амма "Iазапашна дуьхьало латторан Командан" бакъоларйархочо Садовская Ольгас Тепсуркаев вийна, аьлла дIахьедар дира, амма кхин хIумма а ца дийцира оцу хьолах лаьцна. Садовскаян дIахьедарна тIе Кавказ.Реалиино тидам бахийтича, 1ADAT оппозицин боламо тIечIагIдира Тепсуркаевн кхалхар. Иза верна депутат Делимханов Адам а, Нохчийчухула йолчу Оьрсийчоьнан Росгвардин урхаллан куьйгалхо волу цуьнан ваша Шарип а бехкевира цара, амма тоьшаллаш ца далийра.