ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Корейра журналисташа дакъа лоцу нохчийн эскархоша Донбассехь дIахьочу пресс-турехь


Кадыров Рамзанан телеграмерчу каналера видео тIера скриншот
Кадыров Рамзанан телеграмерчу каналера видео тIера скриншот

Оьрсийчоьно схьадаьхначу Украинан латтанашна тIе Къилбаседа Корейра журналисташ бахкийна нохчийн эскархоша – Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграмерчу каналехь хаам ма-барра, "Za правду" цIе йолчу пхоьалгIачу пресс-турана юкъалецира оцу пачхьалкхера репортераш. Къилбакорейхой боцурш, цигахь дакъа лецира Туркойчуьра, Сербера, Китайра, иштта сепаратистийн "ДНР-ра", "ЛНР-ра" журналисташа.

Нохчийчоьнан парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада, Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу полкан буьйранчас Чалаев Замида, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада а кечйинера и тур. Церан билггал терахь а, уьш муьлхачу зорбанийн гIирсашкара бу а, хууш дац. Пресс-турах лаьцначу арахецарехь Кадыровс дIахьедина, "Европан пачхьалкхаша а, Америко а йоьттина хаамийн блокада бIаьргашна хьалха юхуш ю".

Оьрсийн эскаро тIе ракетийн тохарш а деш, схьаяккхина йолчу украинхой Лисичанск гIалахь пресс-туран декъашхоша Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо меттигерчу бахархошна сурсаташ а доькъуш, "гIоьналлин акци" гайтира.

Украинан президента Зеленский Владимира хьалхо комментари йира украинхойн эскарш Лисичанскера арадахарх лаьцна, элира, эскаро меттахIоттор ду гIалана тIехь дола дар, керла герзах, тактикех пайда а оьцуш. Мангал-беттан 3-хь ВСУ-н коьртачу штабо дIахьедира, и сацам бан дийзира, "оккупантийн артиллерин, кеманийн, реактиван тохарш ден системийн, лелхийтаран гIирсан, эскаран" терахь масийттаза сов хиларна.

  • Оцу туран цхьаволчу кхоллархочо, Нохчийчоьнан парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада дIахьедира, оьрсийн Украине чугIортарехь дакъа лоцуш болу Нохчийчуьра бахархой "ислам дин лардеш бу", аьлла. И дIахьедар рогIера хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу каналехь арахецначарлахь. Охан-баттахь Кадыровс зарратан герзаца а, "ерриг гIаланаш схьаяхарца" а Украинана кхерам тессира. Стигалкъекъа-баттахь цо Путин Владимире кхайкхам бира, Украинаца болчу тIеман "шолгIа этап" йолайе, Киев, Харьков, Херсон схьа а яккха, аьлла. Оцу юкъанна ши бутт а бара 300 эзар стаг вехаш йолу Украинан къилбера Херсонна Оьрсийчоьнан эскарша дола деш.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу каналехь ара а хецна, ткъа юха дIаяьккхира, дийцарехь, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондера гуманитаран ду боху гIо кадыровхоша дIасадоькъуш видео. Каналера видео къайлаелира, эксперташа оцу тIера сурсаташ Украинера хиларна тIе тидам бахийтича. Масала, Bellingcat зорбанан журналист-талламчас Христо Грозевс бахарехь, иза Мариуполан бахархошна кадыровхоша лечкъийна сурсаташ декъна хиларан тоьшаллаш ду.
  • Украинехь тIом боьдучу юкъанна Кадыров оьрсийн агрессин коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух а яздо, иштта йоьшу шен мостагIашна байташ. Чиллан-баттера схьа дуьйна цуьнан агIоне язбеллачийн терахь 60 эзарна тIера шиъ а, ах миллионе кхаччалц лакхадаьлла. Эксперташа масийттаза тидам бира, цуьнан каналехь арахоьцучу фейкашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG