ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхин а цхьайтта эскархо велла Украинерчу тIамехь


Украина, 2022-гIа шо
Украина, 2022-гIа шо

Украине чугIортарехь беллачу Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а эскархойн керла цIерш евзина. Буьйцурш бу Нохчийчуьра, Ростовера, Дагестанера, Ставрополан махкара, Къилбаседа ХIирийчуьра, Волгоградан махкара, ГIебартойн-Балкхаройчуьра а цхьайтта вахархо.

Нохчийчохь журналисташа дийцина, Къеди-Юьртан вахархо Умаров Хьусайнан Украинехь кхалхарх лаьцна. Цул сов, Кавказ.Реалиин хьостанаша бахарехь, республикехь дIавоьллира Калиновская эвлан вахархо Чапанов Хьамзат а, Баса-ГIалара вахархо Усманов Алхаст а.

2-чу батальонерчу 71-чу полкан командиран гIовс (Нохчийн республикан в/ч 16544) Головко Денис вийнера Украинехь Зазадоккху-беттан 29-хь, цуьнан кхалхарх лаьцна масех кIира даьлча бен ца хиъна. Эскархо ГIебартойн-Балкхарайчоьнан Прохладненская кIоштахь вина вара, цуьнан 34 шо дара.

Ставрополан мехкан Бешпагир гIалахь меттигерчу школан гIишлонна пена тIехь иэсан хIоллам хIоттийна Украинера тIом болабелла ши де даьлча кхелхинчу 28 шо долчу Богданов Вадимна лерина. Хууш ду, цо шен тIеман декхарш 24-гIа Десантан тIелатаран тобанан полкехь дIахьош хилла хилар.

Дагестанан Гумбетовскан кIоштан администрацино тIечIагIдира Гаджимурадов Шемалан кхалхар. ХIинцле а кIоштера кхолгIа велла эскархо ву иза, официалехь девзаш долу беллачийн терахь 117 стаге кхаьчна.

Иштта хаамбо Къилбаседа ХIирийчоьнан вахархо, 35 шо долу Бесаев Руслан Мариуполехь кхалхарх лаьцна. "Кубок Альфы" цIе йолчу белхан тийсдаларшкахь детин толамхо вара иза.

Кхин а шиъ кхелхинарг Ростован махкара ву. Уьш бу Неклинскан кIоштера Пилявский Роман а, Новошахтинскера Теплов Артем а. Шинна а 23-кха шераш дара. Сийлахьчу Октябран 70 шо кхачарна лерина цIарахчу 98-чу гвардейскан хIаваан-десантан Свирскан дивизехь шен декхарш дIадаьхьна Пилявскийс, велла Охан-беттан 13-хь. Теплов велла Зазадоккху-беттан 4-хь.

"Комсомольская правда" гIирсо иштта хаамбо, Волгоградскан мехкан Ольховскан кIоштера 38 шо долу сержант Атарщиков Ярослав дIаволларх лаьцна. Цул сов, Охан-беттан 21-хь Украинехь кхелхина кIорггера таллам баран тобан 39 шо долу талламхо-радиотелефонхо Татиев Нурлан, иза Волгоградан мехкан Золотари эвлахь вехаш вара.

Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархошлахь официалехь кхалхар тIечIагIдинчу 366 стеган цIерш евзина хIинцле а Кавказ.Реалиина.

  • ТIейоьжначу гIишлонна кIелахь велла нохчийн тобана юккъера хила тарло ши эскархо гойтуш видео арахецна шен телеграмерчу каналехь оппозицин блогера Халитов Хьасана. Халитовна хиъна веллачех цхьахволчун цIе – цуьнан хаамца, иза Нохчийчоьнан Шелан кIоштан Дубин-эвлан хилла юьртда Успанов Ахьмад ву. Биъ баттахь хилла иза юьртан куьйгаллехь – 2009-чу шеран Дечкен-баттера Стигалкъекъа-батте кхачалц, цул хьалха куьйгалхочун декхарш кхочушдеш хилла ву.
  • Кавказ.Реалиин хьостанан хаамца, Украинерчу тIамехь 60 гергга Нохчийчуьра схьаваьлларг вийна. Зазадоккху-беттан 1-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шиннан кхалхар тIелецира, и шиъ Тарамов Iабдулбек, Исаев Тимирлан ву. Охан-беттан 7-хь ИА "Чечня Сегодня" хьостано арахецар дира, веллачу ворхI стеган гергарчаьрга совгIаташ кховдош – уьш бу лакхара лейтенант Каимов Рахьим, сержант Автаев ШахIрудди, ефрейтор Баталов Беслан, ефрейтор Висирханов Нурды, могIарера салтий Дудаев Асланбек, Чупалаев Хезир а, полицин лакхара сержант Болчиханов Адам а.
  • Охан-беттан 25-гIа де – Оьрсийчоь Украине тIамца чугIоьртина 61-гIа де ду. Украинана бIе километр генахь Iуьллучу Брянскехь йолчу Транснефть компанин мехкдаьттан базехь цIе яьлла. Керстийн Пасхан дийнахь Украинан малхбалера гIаланаш юха а тохаршна кIел нисъелира. Украинерчу Iедало хаамбо, малхбалехь оьрсийн тIелатаршна кIел нисъелларш Славянск, Краматорск гIаланаш хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG