ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къинхетам бина дийна витина": КъорIан дагийначунна йеттар бакъ лерина Нохчийчохь


Журавель Никита
Журавель Никита

Оьрсийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал йинчу Москалькова Татьянас талламбар тIедиллинера Кадыров Рамзанан кIанта бусулбачийн дог-ойла сийсазйарна бехкевечу Журавель Никитина йеттар. Жоп луш Нохчийчоьнан официалан Iедалш тIетайра гIело йарна, динан ойланна а, Iадаташна а тIетийжаш. Оьрсийчуьра Талламан органаша хIара материал зорбане йоккхучу заманчохь оцу хиллачу инцидентах аьлла дош дац. КъорIан дагош акци хIоттийначунна тIехь ницкъбар Кадыров Адам ислам Iалашдийриг санна гайта дина хIума ду, аьлла хета Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа.

15 шо долчу Кадыров Адама шена йеттарх хаийтинера Журавель Никитас Москалькове дахьийтинчу кехата тIехь. Марсхьокху-беттан 16-чохь цо тIечIагIдира кехат шега кхачар а, оцу хьокъехь Нохчийчуьра омбудсмене Солтаев Мансуре ша "дехар дина" аьлла.

"Со доггах дохковаьлла сайгара даьллачу зуламна, - боху Москалькове дахьийтинчу, "Грозный-Информ" пачхьалкхан агенталло зорбане йаьккхинчу кехатан копи тIехь. – Кадыров Рамзан дIавахначул тIаьхьа цуьнан кIанта Кадыров Адама йиттира суна, гIад йуккъе а, когашна а. Оцу тIехула ас доьху йистйаккхар, стенна йиттина суна, стаг галвалар нисло, со а цхьаьна".

Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторан декъа тIехь бина бу ницкъ, "Исламан дин тIеэцарх" дийцаредан Нохчийчоьнан куьйгалхо Журавельца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа, аьлла ду кехата тIехь. Кадыров вахна де ду: 2023 шо, 14-гIа де – бутт къаьсташ йазбина бац.

Хилла инцидент къайлайахьа а ца хьийза Нохчийчоьнан куьйгалла: КадыровгIар дин лардийраш бу бохуш, гайта гIерта уьш

Суьйранна, марсхьокху-беттан 15-чохь, Москальковас хаам бале, Iедалхошкахьа йолчу "ЧП/Вайнах", "ЧП/Грозный" пабликаша зорбане хIоттийра цхьатерра чулацам болу текст: хилларг Кадыров Рамзанан пурбанца хила таро – хьалхо Нохчийчоьнан урхалхочо масийттазза кхерамаш тийсира, КъорIан дагораш хIаллакбийр бу аьлла.

Кадыров Адамна тIетайра мехкан Iедалхой. Нохчийчоьнан урхалхочун кIанта "патриотизман а, дин Iалашдаран а масал" гайтина, дIахьедира Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама. Журавель "адам дац", цуьнца "чIогIа къинхетаме хилла, иза дийна витина" аьллера цо.

"Пачхьалкхера дуккхаъ бахархой кхетта" Кадыров Адаман динчух, йаздира нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада шен телеграм-каналехь. "Йоллу малхбузено тIеэгочу йилбазан низамашна" дуьхьал дина хIума ду и аьлла, тидира цо инцидент.

Федералан центран тапъаьлла Iар

Кадыров Адам даржера стаг вац, хууш дац, Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь иза муха нисвелла а, билгалдоккху Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьал Командин" филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас: "Кхузахь хаттар хIутту Iедалхойн жоьпаллех, оцу йоллу хеначохь церан куьйгакIел хиллачу стагана тIехь ницкъбайтина болчу".

Талламбар а, и гIуллакх къастор а Талламан комитетана тIехь ду, аьлла хета цунна: "Журавельга а, Кадыров Адаме а шайгга хеттарш дан деза, лоьрашкара кехаташ оьшу бехкевечун могушаллех".

ГIело йина хиларх хаа ма хиъи, Солтаев Мансура цунна тIекхаьчначул тIаьхьа бакъдира Журавелян дIахьедар, дийцира къамелдечо: "Цо тIетуьйхира, ша официалан версина тIетевжар ву, хIунда аьлча, Нохчийчуьра талламан органийн компетенцих шеконаш хила бахьана дац аьлла".

Журавель волчахь талламан изоляторехь хиллачул тIаьхьа Солтаевс дош делира, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а, талламин органаша а "нийсса таллам" болор бу, йаздора пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло. ХIун таллам болийна шаьш ца дийцира йа федералан а, йа регионалан а талламан органаша хIара материал зорбане йоккхучу хенахь, адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхочо Меркачева Евас Журавель кхечу регионерчу ФСИНе дехьаваккха аьлла, тIедожийча а.

Тамашен ду федералан центро хIуммаъ а цаалар, цу тIе цунна йеттачу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхо а чохь хилла тарло, билгалдоккху бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара Кавуказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь. Цо бахарехь, шен кIант ша камери чохь вуьтур вацара Кадыровс, цо ша шех кхуллучу вастаца и догIуш дац.

Кадыровна ца моьттура и гIуллакх иштта гIарадер ду, аьлла хета "СК SOS" кризисан тобанан пресс-секретарьна Мирошникова Александрина. Хиллачух дуьйцу Нохчийчоьнел арахьа а, цуьнца интерес йу адамийн бакъонаш Iалашйан векал йинчу Москалькован а. Иза йукъагIортарна оцу хьолах лаьцна комментареш йан дийзира нохчийн Iедалхойн, аьлла хета цунна.

"Нагахь цхьана а кепара Кадыровн кIантана таIзар ца дахь, федералан омбудсмено а цунна сатохахь, таIзар доцуш и гIуллакх дитар а, дерриг а магош хилар а чIагIдо, - боху къамел дечо. – Шайна хеттарг дIадийр ду Кадыровс а, цуьнан гоно а, федералан механизмаша совцон там бара шаьш бохуш, йуха а ца хьоьжуш".

"КъорIанан дозаллигахьа популистийн тIом"

Нохчийн зорбанан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада нийса ду элира Кадыров Адама динарг, ша динчух жоьпалла тIелаца а кийчча ву иза бохура цо.

"Тхо кхеташ ду, тхо бакъонан пачхьалкхехь дехаш ду, низамаш ду, Конституци а. Амма кхузахь динан дог-ойла а, ламасташ а ду, - кхетийра Дудаевс. – Тхан аьтто бац, тхан къоман йамартлойн кораш кIел денна КъорIан дагочу Швецира а, Данера а, Германера а, Америкера а йилбазашна тIекхача. Ткъа кхузахь йилбаз Нохчийчу схьакхачийна, Кадыров Адам цунна тIе а кхаьчна".

Хилла инцидент къайлайаккха а ца гIерта Нохчийчуьра Iедалхой, хIунда аьлча, цунах пайда а оьцуш, КадыровгIар дин Iалашдийраш бу аьлла, дIагайта хьийза уьш, билгалдоккху политолого Преображенский Ивана. Оьрсийчохь эшна ца Iаш, и царна оьшу арахьарчарна дIаохьа. Цо бахарехь, "КъорIанан дозаллигахьа популистийн тIом" чIогIа баьржина бу Гергарчу Малхбалехь. Кадыров кест-кеста вистхуьлу, ма-дарра аьлча, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин метта исламан пачхьалкхашкахь, билгалдоккху къамелхочо.

"Цунах лаьцна хабарш ду, Триполихь оьрсийн тIеман база хIоттон Оьрсийчоьнан цIарах цо дийцарш деш ду бохуш. Исламан йукъараллин Организацихь Оьрсийчоьно иза векал винехь, - кхин дIа дуьйцу Преображенскийс. – КъорIан дагорна таIзар деш хиллачу оцу инцидентан гIоьнца бусулбачийн дуьненахь шен статус хьалайоккху цо".

Шен кIантана дохку бехкаш Кадыров Рамзана тIе а ца чIагIдина, йа дIа а ца теттина, амма къедораш йина Москалькован дешнийн. Украинехь тIом болийчхьана Оьрсийчоь кхин дIа а кхочур йу деза КъорIан сийсаздечу пачхьалкхашка", хIунда аьлча, "кхузахь делах тешаш нах бу", дIахьедира цо шен телеграм-каналехь.

"Пайдабоцу" Iаьржа пиар йу шен кIант хьалхатоттуш йинарг боху Журавельна йеттарх лаьцна дуьйцучу Европера ичкерихойн "Цхьааллин ницкъ" боламан векало Музаев Сайхана.

"Динехь лаьцначунна тIе куьйг дахьа мегаш дац, - кхело бан беза сацам, - билгалдоккху цо. – Кадыров даим а исламехьа а, КъорIанехьа а гIо дохуш хуьлу, амма цо мелхо а зен до бусулбанашна, хIунда аьлча, цуьнан лелар харцахьа ду".

"КIантана гонах йолу негатив йукъахйаккхар"

Нохчийн Iедалхоша инцидентах лаьцна йечу комментареша харц ца до лаьцначунна тIехь ницкъбар – цара лелочуьнца догIуш хIума дац и, тидам бо бакъоларйархочо Ванслова Екатеринас. Цуьнан дешнашца, республикехь адамийн бакъонаш талхорах хеттарш ийдечу заманчохь нохчийн Iедалхоша тIе ца дуьту уьш. Кхо, цунна хетарехь, тоьшалла дан тарло церан цхьа къайлах Iалашонаш хиларан.

"Журавелян гIуллакхо йоккха гIовгIа гIаттор а, хIара гIуллакх Нохчийчоьнна лазаме хилар а лерича, церан Iалашо хила тарло – Кадыров Адаман – цхьа шатайпа васт кхоллар", - тешан йу кхамелдийриг.

Жимчохь дуьйна Кадыровс-воккхахволчо шен кIант хьалхатоьттура ша бакъволу бусулба, КъорIан девзарг иза волуш санна, боху нохчийн бакхоларйархочо Янгулбаев Абубакара. 2014-чу шарахь ЧГТРК "Грозный" телеканалан сюжетехь Адам а, цуьнан ваша а хьалхарчу классе даша вахарх дуьйцучу хенахь чIагIдора, шиммо а КъорIан дагахь Iамийна бохуш.

Нохчийчохь Кадыров Адаман "шолгIачу даржера культ" кхолла гIерташ дукха ахчанаш ду дойуш, тIеийзабо гоьбевлла блогерш. Мехкан урхалхочун кIентан шен субкультура йу "КI3" аьлла, цуьнан декъашхоша лелайо цуьнан "брендо" арахоьцу хIуманаш, билгалдаьккхира оппозицин нохчийн NIYSO канало.

2022-чу шеран гурахь Кадыров Рамзана чIагIдора, шен кIентийн-кхиазхой Ахьмад а, Эли а, Адам а Украинерчу тIамехь хилла, цара цигара ВСУ-н кхо эскархо валийна лаьцна бохуш.

Цунна тоьшаллина видео гайтира цо, бахарехь, Украинехь тIемаш боьлхучу хьалхарчу позицешкахь йаьккхина. ТIаьхьо къаьстира, Кадыровн воIарий Донецкан кIоштара тылехь хиллийла: цигахь кхул а хьалха тIеэцнера цуьнан йоьIан Кадырова Iайшатан делегаци.

Жимчохь дуьйна Кадыровс-воккхахволчо шен кIант хьалхатоьттура ша бакъволу бусулба, КъорIан девзарг иза волуш санна

"Нохчийчуьра куьйгалло Журавельна йеттарх тема чIагIйо, Кадыров Адамна гонах дуккха а дуьйцуш хабарш хиларна, некъан бохамаш хилла боху иза йукъахь волуш, цо наркотикаш лелайо боху, иза вуьйцу гомосексуалан уьйраш хиларца а, - дийцира Янгулбаевс. – И негативе хьоькх шен кIантана гонахара йайархьма, КъорIан Iалашдийриг ву бохуш, даздан хьийза".

Могушаллица йаккхий проблемаш йолчу йукъанна Кадыровна хьалха хаттар лаьтта Iедал хьена кара лур дара бохуш, кхетадо политолого Преображенский Ивана. 30 шо кхачале регионан куьйгалхо хIоттавойла дац Оьрсийчоьнан низамашца, амма Нохчийчохь кхечу агIор дан йиш йу и, регенство а кхоьллина, тIетуху цо.

"Шен деца гIант къийса дийзира Кадыровн, ткъа цуьнан кIентан и дойла йац, Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а уьйр йиссахь, - билгалдоккху политолого. – ХIинца, кхин болчу авторитете лидерша – Лукашенко Александра, шен кIант Путин волчу валийначу Таджикистанан президенто Рахмон Эмомалис санна, - Кадыров Рамзана а дIаоьхьу шен кIант, оцу хиламашкахула реакци муха йу а хьожуш".

Цунна хетарехь, инициацин цхьана Iадатах чекхвоккхуш ву Адам – жимачу кIантах воккха стаг а веш. Цкъа хьалха Украине тIаме вахийтира иза боху, хIинца массарна а гуш стагана йетта цо – иштта хила везпа ницкъе лидер аьлла хета Кадыров Рамзанан гонехь.

  • Стигалкъекъа-беттан 21-чохь ницкъахоша дIахьедира, шеконашца меттигера вахархо, Украинехь вина Журавель Никита лаьцна шаьш аьлла. Йуург дIасакхоьхьуш курьеран болх беш хиллера иза. Талламан версица, стигалкъекъа-беттан 19-чохь КъорIан дагийна цо СБУн тIедилларца, и дарна итт эзар сом а делла цунна. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гIуллакхахоша дIакхайкхийра, Журавеля мукIарло дина, СБУна лерина тIеман объектийн суьрташ дохуш а вара ша аьлла.
  • Нохчийчуьра къоман политикан министро Дудаев Ахьмада масех де даьлча дийцира, Волгоградера вахархочунна дов Нохчийчохь хоттур ду аьлла. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыктн Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "волайнарш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах. Сацамна тIетайра оьрсийн юстицин министр а, цо элира, оцу гIулчо "гIо дийр ду дуккха а кеп-кепара къаьмнаш дехачу пачхьалкхехь дин а, делах тешачийн дог-ойла а лара".
  • КъурIан дагор йемалдеш митинг хIоттийра Соьлжа-ГIалахь стигалкъекъа-беттан 27-чохь, - автозакчохь Нохчийчу схьавалийна 19 шо долу Журавель Никита тIеийцира цара. Кадыров Рамзанан суьрташ дара церан карахь, "Деза йозанаш ма хьеде!", "Ислам – дикаллин дин ду", "Вен веза" бохуш, тIейаздина плакаташ а.
  • Нохчийчуьра пропагандо Кадыров гойту "КъорIанна гIуллакх дийриг, исламан турпалхо, Мохьмад Пайхамаран суннаташ лардийриг санна". Мехкан урхалхочун Гергарчу Малхбалера пачхьалкхашкахь векал волчу Даудов Туркос хьалхо дIахьедира, "исламна дуьхьал болчу нахаца къийсам латторан символ" хилла Кадыров аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG