ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Чеченфилм" кинокомпанин филман презентаци хилла


Къилбаседа-Кавказерчу медицинан институтан гIоьнца Нохчийчуьрчу «Чеченфильм» кинокомпанино яьккхинчу йоцачу «Хилаза цадолург» кинон презентаци йина кхаарийдийнахь Соьлж-ГIаларчу медицинан университетехь. Филм яьккхинарг ву къона режиссер Чагаев Мохьмад.

«Шаг» киношколехь дешна, доккха похIма долчу актеро Мухтаров Хьасана ловзийна оцу кинохь коьрта васт. Филм яккха ойла кховдийначу медициан институтан директора Байсултанов Идриса бахарехь, тIекхуьучу чкъурана Iаламат мехала ю и кино, къаьсттина студенташна.

Цо кхетам ло, лоьрийн говзалла караерзорехь сема хила эшар, церан карахь адамийн дахар хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG