ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайхь йина гIагI диллина техника йалийна Нохчийчу. Оьрсийчоьнна уьш йалар бакъ ца до Пекино


Китайн ShaanXi Tiger 4х4 компанино арахецна, Соьлжа-ГIала йалийна бронетранспортераш. Сурт: Кадыров Рамзанан телеграм-каналера видео тIера йина скриншот
Китайн ShaanXi Tiger 4х4 компанино арахецна, Соьлжа-ГIала йалийна бронетранспортераш. Сурт: Кадыров Рамзанан телеграм-каналера видео тIера йина скриншот

Украинана дуьхьал тIамехь дакъалаца китайхойн ShaanXi Tiger 4х4 компанино арахецна керла гIагI диллина машенаш йелла нохчийн "Ахмат" декъан эскархошна. Цул а хьалха Китайс масийттазза бакъ ца дира шаьш Оьрсийчу гIирс луш бу бохург.

Керлачу техникаца видео хIоттийна Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь мангал-беттан 7-чохь. Шена накъостаца цхьаьна бронетранспортеран урхалла а деш воьдучу цо дIахьедира, "уггар тоьлла машен йу" иза, "цхьана а шокъалино лоцур йац" аьлла. Изза бронетехника йу Shaanxi Baoji Special Vehicles Manufacturing компанин каталога тIехь гойтуш. Китайн Шэньси провинцера Баоцзи гIалахь йу и фирма.

Махкал а арахьарчу хьасташа масийттазза хаамаш бора, Китайс Оьрсийчоьнна лерина Украинана дуьхьал болчу тIамехь оьшур йолу кеп-кепара техника а, цунна оьшу цхьацца меженаш а латтайо бохуш.

Кху шеран зазадокху-баттахь CNN телеканало хаамбира, дозанал арахьа йоккхучу тӀера ял оьцучу организацина тIетевжина, тIом болабелчхьана Китайн компанеша жигара йохка-эцаран йукъаметтигаш лелайо малхбалено санкцеш тоьхначу Оьрсийчоьнан тIеман компанешца аьлла.

Politico гIирсо йаздира, тIамехь пайдаэца эзар штурм йеш лелон тоьпаш а, кхинболу гIирс а, иштта дронашна а, гIагI диллинчу жилеташна а оьшу меженаш а йахьийтина Китайра компанеша Оьрсийчу аьлла. Стигалкъекъа-баттахь Financial Times хьосто хаамбира, стохкалера шо чекхдолучу хенахь йукъарло лелочу компанигахула ЧВК "Вагнеро" 20 эзар шлем ийцира аьлла.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Блинкен Энтонис дIахьедира, Китайс къайлах тIеман гIо латтадо Оьрсийчоьнна, иштта герз латтор а ду дийцаредеш аьлла.

Оцу йукъанна Китайс масийттаза чIагIонаш йира, пачхьалкхо нейтралитет латтайо, тIемаш лаьттачу меттиге герз ца духку аьлла. Оханан-баттахь Китайн арахьарчу гIуллакхийн министро Цинь Гана дIахьедира, йа Оьрсийчоьнна а, йа Украинана а герз латтош дац шаьш, йа латтон Iалашо а йац аьлла.

  • Хьалхо Кадыров Рамзанан телеграм-каналерчу видеошкахула Кавказ.Реалиин редакцина къаьстира, Украинана дуьхьал болчу тIамехь кадыровхоша муха барзакъ леладо - церан амуници къаьсташ йара регламентехь магийначух. Американ санкцийн тептаршка баьхначу кадыровхойн командирашна хазахеташ хиллера америкахойн массо а хIума, ткъа церан куьйгакIелара эскархошна мегаш йара йорах йолу америкахойн гоьйевллачу брендийн репликаш.
  • Украинехь тIом иккхичхьана Кадыров Ахьмадан цIарахчу Йукъараллин гIоьналлин фондан болх масийттазза шорбелла хаало. ХIинца шаьш дIалецначу дозанаш тIехь украинхойн сурсаташ йоькъу цара, гIоьналла дар лору кеманаш, гIагI диллина машенаш, тIеман экипировка а эцар.
  • Украинана тохарш дан Оьрсийчоьнан Армино эцна иштта гIажаройн дронаш-камикадзеш а, хIинца Краснодаран кIоштан дозанаш тIера дIахьежайо цара уьш, дIахьедира стохалера шо довш Британин тIеман министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG