ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо бер лачкъийначу Церетилован хиллачу хIусамден бакъонаш лахйина кхело


Церетилова Нина
Церетилова Нина

Шен берийн ден Мохьмадан бакъонашна доза тохар дехначу 33 шо долчу Церетилова Нинин иск кхочушйина ХIинжа-ГIаларчу кхело, яздо Настоящее Время телеканало. Инстаграмерчу шен сторизехь бина цо и хаам.

Дас лачкъийна дIадигинера Церетилован ши бер - кIант а, йоI а, цунна алименташ тIеэгош кхо дехар чуделлачул тIаьхьта.

Кировн кIоштан кхело 2020-чу шарахь аьхка сацам бира Мохьмадехьа, Церетилова "оьзда йоцуш лелаш ю", сирла-цIен басе яьхна, йоца месаш йолуш, татуировкаш яхкийтина а, пирсинг лелош аьлла, цо дIадийцича.

Кху шеран Зазадокху-баттахь Дагестанерчу кхело кIоштан суьдхойн сацам юха а боккхуш, тIедожийра Церетилована бераш дIадалар. Делахь а, шолгIачу дийнахь Церетилован цхьа бер - 14 шо долу кIант бен дIавига аьтто ца белира, яздо "Такие дела" гIирсо.

Зудчо бахарехь, биъ бутт а бу цунна шен 12 шо долу йоI а, 8 шо долу кIант в стенгахь ду ца хуу.

"Воккхахволу 14 шо долу кIант соьца волу цхьа бутт а бу. Реабилитацех чекхвоккхуш ву иза, жим-жима метта вогIуш ву, психолог ю цуьнца болх беш", - дийцина Церетиловас.

Кхаа беран нанас боху, шен ненан бакъонаш лахъе аьлла, дуьххьара иск чуелларг Мохьмад вара, ткъа ша цунна дуьхьал арз дира.

Дагестанан Халкъан гуламан сессехь Церетиловехьа вистхилира мехкан урхалхочун декхарш кхочушден Меликов Сергей.

"ХIокху хьоло вай юккъерчу бIешерашка дуьгийла ца лаьа суна. Халахеташ делахь а, вайн долчахь цкъацкъа оцу кепара хIума нисло. Тахана бераш карош дац. Уьш стенгахь лачкъийна латтош ду дас - со хууш вац. Цундела, кхелан сацаман гурашкахь суна луур дара, оцу хьолан аш терго яр, иза низамехь кхочушдойла а. ХIунда аьлча, новкъа делахь а, оцу тайпаниг Дагестанехь нислуш ду, хIуммахь цо юьхькIам а ца бо вайна", - аьлла Меликовс.

Церетилова Нинас дакъалецира Къилбаседа Кавказерчу зударех дуьйцучу шина кино чохь - "Дождь" телеканало гайтина "Хьиджаб дIаяьккхинарш" а, "Редакция" ресурсо яьккхина "Кавказера йийсархой".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG