Дуккха а зама ю Соьлжа-ГIалара керстанийн кешнаш дIатесна. Къух даьлла оцу кертахь, чарташ кегделла, дехьа-сехьа вала аьтто а бац царна юккъехула.
ДIатесна кешнаш
5
Шахьаран мэрино юкъ-кара субботникаш кхайкхадой, дешархой буьгу кешнаш цIандан, амма церан а ницкъ бац йоллу аренгахь къепе латтон.
6
Цхьадолчу кешнашна йина гонах керташ а яц. Деккъа ирзу ду, мекха лаьцначу аьчган жIараш тIе а хьаьрсина.
7
Дерриг а лору цигахь 300 эзар каш.
8
ТIеман шерашкахь байинчу, муьлш бу а ца хууш дIабоьхкинчийн сийдарца кеста иэсан хIоллам бугIур бу кхузахь.