ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь – Кадыровна а, цуьнан гергарчарна а


Соьлж-ГIаларчу полицин урхаллан куьйгалхо Кадыров Хас-Мохьмад
Соьлж-ГIаларчу полицин урхаллан куьйгалхо Кадыров Хас-Мохьмад

28 шо бен доцу Кадыров Хас-Мохьмад Соьлж-ГIалин полицин куьйгалле хIоттор цIеххьана нисделла дац – мехкан куьйгалхочун гергара ву иза.

Бутт хьалха бен Нохчийчуьрчу низамхойн структуре (наркотикашца къийсам латточу урхалле) ваийтина вацахь а, мегна иза шега деношкахь деллачу дарже. Ткъа цул хьалха, иттех баттахь, Кадыров Рамзанан гIоьнча лаьттира Хас-Мохьмад.

Наркоманица массех кIиранах бен къийсавелла вацахь а, билгалваьлла дуккха а нах, зуламе молханаш лелош бу бохуш лецарца а, даа-мала доцуш, гергарнаш тIе ца буьтуш, полицин хIусамашкахь кхабарца а. Цу тIе, нохчийн наркоманаш лехьош лела йолаелира цуьнан структура мехкан дозанал арахьахула а.

Шена уггаре а оьшуш йолчу хьукмате – чоьхьарчу гIуллакхийн министралле – массарел а тешаме хета цIийнан нах, гергарнаш, уллера беза-бевзарш хIиттабо Кадыров Рамзана.

"Кавказ.Реалиино" цIерш йоху шена сихха дагабогIучийн:

- Чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Кадыров Муса

- Соьлж-ГIаларчу полицин урхаллан куьйгалхо Кадыров Хас-Мохьмад

- Наркоманина дуьхьало латточу урхаллан куьйгалхо Делимханов Гайрбек

- Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу миграцехула йолчу урхаллан куьйгалхо Закриев Сахьаб (Кадыров Рамзанан йиша яхначу Закриев Салманан ваша)

- Полицин гIуллакхаш лелочу, белхахойн низам тергалдечу декъан куьйгалхо Герзелиев Зеламха

- Полицин бахаман декъан куьйгалхо Айдамиров Деналбек ( Кадыров Рамзанан стунваша).

- Мехкан полицин некъан урхаллан куьйгалхо Черхигов Идрис (Кадыров Рамзанан йишин воI)

Сихха низамца тергоечу Росгвардин «Терек» декъан (СОБР) буьйранча Висмурадов Абузайд

- Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан аьчканекъан декъан куьйгалхо Тагиров Iела

- Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу Къилбаседа Кавказан урхаллан шакъаьстинчу 46-чу бригадан буьйранчин гIовс Делимханов Iелабек

- Федералан гIуллакхан къоман гвардин урхаллан куьйгалхо Делимханов Шерип

- Шелковскан кIоштан полицин куьйгалхо Геремеев Ваха

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хадаран полкан (ППС) буьйранча Кутрашев Iимран

- Кадыровн цIарахчу полицин хадаран (ППС) полкан буьйранча Ирисханов Аслан

- Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилба федералан гонан лерринчу «Терек» ницкъийн «Р» декъан куьйгалхо Султанов Юсуп

- Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилба федералан гонан лерринчу «Терек» ницкъийн «Р» декъан куьйгалхочун гIовс Вайханов Абу-Супьян

- Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилба федералан гонан лерринчу «Терек» ницкъийн «З» декъан куьйгалхо Гехаев Iилман

- Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан медицинан декъан куьйгалхо Альдебиров Рамзан

Иштта, Кадыров Рамзанан куьйга кIел ю «мехкдаьттан полк», экстремизманна духьало латтаен центр, Росгвардин лерринчу ницкъийн а, кхидолу а дакъош.

Багарбинарш Кадыров Рамзанан беккъа дIа го хилла ца Iа - уьш цуьнан цIийнан нах бу. Цо шен тайп-тукхамерчу нехан кара мохк берзорна резабоцурш дуккха а бу, оцу хьоло аьтто бо кхиа цунна резобоцчийн могIаршна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG