ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Елха дог догIу сан дIакхоьссина бепиг гича"


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалахь мехаза бепиг доькъуш хилла меттиг. ГIура-бутт, 1994.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:01 0:00
Линкана тIе

ХIора дийнахь оьшучу коьртачу сурсатех цхьаъ ду бепиг. Бепиг лараме а ду. Цуьнан мах хаьа, шайна дайшкара дуьйна мацалла кхуллу баланаш лайначу нохчашна. Амма цхьана хIуманан терго йо урамашкахула волавелча, адамийн дахаран токхо лакха мел йолу, нехаш дIакхуьссу яьшканаш тIанк-аьлла юьзна хуьлу, коьрта декъана юургех. Цкъа чохь буьйса яьккхина бепигаш а хуьлу дола а даза дIакхиссина.

Нах ца беша тахана, довха, хIинца деттина иза ца хилча даа, лоьраша а буьйса яьккхинарг пайдехь ду боххушехь. Бепиган хама хуучарех ю Соьлж-ГIалара яхархо Керимова Яха.

Цо хаддаза шен пеша чохь дисинчу бепиган юьхкаш йоттий царах сухарш йо: "Тахана кхо булка бепиг еттина ас кху чохь. Бепиг хада а дой, берана бага тассала кегий йотту ас. Иза ятталучу хенахь сайн коре дIа а хIуттий Iа со. Харца езаш а яц, хIора минотан тIе а оьхуш, ларъян езаш а яц. Оцу сохьта цIарула-цIен а лой кийча хуьлу уьш".

Ша йотту сухарш лула-кулара бераша а, баккхийчара а чIогIа мерза чам бу бохуш дIакьоьхьу боху къаночо Яхас.

"Наггахь туьканахь дакъалуш долу бепиг схьа а дохьий, царах а йо ас сухарш. ХIинца кху гонах долчу бераша «къарш» бохуш цергашца кег а еш, юу и сухарш, со ян лара а ца еш. Юьртара цхьа стаг ву онкологи йолуш дарбанан хIусамехь. Со тIаьхьаян йоллу хьуна ас аьлча, ас йотту сухарш я элира цо. Тахана а и сухарш юууш ву и стаг, Ширвани цIе йолу", дуьйцу цо.

Чохь а , тIехь а нохчий чIогIа цIена лела, амма хIуманан хьурмат дар дIадолуш ду аьлла хета Керимова Яхина.

Дицделла хьалхалерачу заманахь дайша-наноша дIадохийначохь лайна мацалла, элира цо: "Йоьлхучу тIейолу со. Нехийн яьшканаш ю. Цхьаволчо нехаш чохь йолу тIоьрмиг цу чу кхуссу, кхечара бананаш чохь хилла жимачу яьшки чу охьадуьллу бепиг. ДIадохийначу хенахь говрийн пхьаж юккъера мекхан буьртигаш лахьадора. ГIазакхаша а, казахаша а йиинчу картолан чкъоьргаш лахьайора. Уьш карийча, доккха хIума а хетара бохуш дуьйцура. Бепиг хIинца дIакхуьссу наха. Цхьаберш буьзна бу хIинца а, цхьаберш меца бу".

Нохчийчохь дечу бепиган чам къаьсттина дика бу бохуш, иза даима ша хьажахIотта цIавеъча дIахьо Оьрсийчоьнан кхечу регионехь вехачу Саидов Рамзана.

Цуьнах санна чам ца кхета шен шаьш долчохь дечух, элира цо: "Даима а вайн цIерачу бепиге сатесна хуьлуш ву-кх со. Кхузахь боккха харжам бу цуьнан. Амма цIахь санна, мерза дац. Со цIавеъча, кхуза сайца схьадохьуш а нисло ас иза. Кхузара цхьаъ цIавоьдуш кеманца, цуьнга иза да а олу ас. Тахана а ву-кх со цуьнга са а туьйсуш Iаш".

Нохчийчохь дуккха а туьканаш ю пIераскан дийнахь мехаза бепиг доькъуш. Цхьаболчара иза мелана деш ду, амма дукха хан йоцуш хиъна кхечара шай туькана дуккха а нах эхийтархьама деш хиллийла. Мухха делахь а, коьрта сурсат мехаза декъа доладелчахьана нехаш дIакхуьссу яьшканашна чохь карон доладелла иза.

New Comments Available
XS
SM
MD
LG