ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Коьрта мостагI - Путин". Украинехьа болчу нохчех лаьцна тIом бечуьра репортаж


ТIемаш боьлхучу агIор боьлху Украинехьа болу Ичкерин ОБОН-н тIемалой
ТIемаш боьлхучу агIор боьлху Украинехьа болу Ичкерин ОБОН-н тIемалой

Херсон маьрша а яккхале хаамаш бора, Украинан къилбехь дечу контртIелатарехь дакъалоцуш Нохчийчоь маьрша мохк хила лууурш бу кьастинчу батальонера (ОБОН) къобалъязчу Ичкерин тIеман ницкъаш бохуш. Лаамхойх лаьтта и дакъа Украинан дозанаш Iалашдечу арахьарчу легионна юкъахь лоруш ду. Эскархойх доккхаха долу дакъа – Нохчийчохь хьалхара а, шолгIа а тIемаш боьлхуш дакъалаьцнарш бу, 2000-чу шерийн юьххьехь Оьрсийчуьра дIа а бахна, Европерчу пачхьалкхашкахь дIатарбелла болу. Кавказ.Реалиин корреспондент хилира эскархой болчахь тIемаш боьлхучу позицешкахь.

Ахьмад (цIе хийцина) итт сов шераш ду Европехь веха. Германира веана иза Украине стохка гурахь, нохчийн лаамхойн цхьахйолчу батальонах дIакхетархьама. Николаевехь петар а эцна, ваха хиира иза. Шен доьзалца цхьана цигахь виса лаам бара. Амма Чиллан-баттахь, Оьрсийчоьно гIалана тIе бомбанаш йетта йолийча, шен доьзал Европе дIабигира, ткъа ша юхавеара – Украинехьа тIемаш бан.

Путина кхерамаш туьйсу дуьненна заарратан герзаца. Терроризм яц иза? Экстремизм яц?

"1995-чу шарахь дуьйна оьрсашца тIемаш беш ву со. Хьалхара тIом берза ши де дисинчу хенахь, 1996-чу шеран марсхьокху-баттахь лазийра со, тIамна юкъара ваьккхира. Соьлжа-ГIалахь ЦОК-хь болх беша вара со (вовшахтоьхна коьрта комендатура), Оьрсийчоьнан ОМОН-ца цхьаьна болх беш яра иза. Республикехь Оьрсийчоьнан эскарш дара, оцу сохьта уьш арадохийла яцара. 1997-чу ушарахь нохчийн къоман гварди юкъа вахара со – Ичкерин арми, взводан командир а вара. Дукха ца Iаш Оьрсийчу дIавахара со, хIунда аьлча, суна ца тара нохчийн чоьхьара политика. Ницкъе йолу тобанаш юьйлаелира вовшийн герзаш детта. Дуккха а цхьаьнацадараш дара", - дийцира Ахьмад.

Ша цкъа а паргIат ца хетара шена Оьрсийчохь боху, кхин дIа къамелдечо. ШолгIа тIом Нохчийчохь балале Ростовн кIоштахь дIатарвала гIоьртира иза. Бизнес йолийра, шен махкахошца юкъахь шуьрин завод яра цо лелош Аксайхь, казино а яра. Кхерамзаллин сферехь корматалла караерзийра цо, амма болх ца карабора: Советан заманахь деллачу цуьнан паспорта тIехь билгалдаьккина дара иза нохчо хилар.

"ШолгIа тIом болабелча [Нохчийчохь], тхуна доллу хIума дIакъевлира. Фирма а дIакъовла йийзира. Ростовхь набахте хьийсон долийра тхо – массо а нохчий бандиташ бу бохуш. Со Санкт-Петербурге дIавахара, олигархана ха деш болх бира ас. Цул тIаьхьа закъалтхой лецча [Москварчу "Дубровкехь" театран центрехь, "Норд-Ост мюзикл яра цигахь йоьдуш], чуьра аравала а йиш яцара. Кавказхошна тIелетара скинхедаш, йа полицино сецабора", - дагалоьцу Ахьмада.

Даим ницкъахой тIаьхьабевлла леларна Нохчийчуьра вахархо ца ваьллачу денна Оьрсийчуьра дIаваха вийзира. Германихь мухIажаран статус елира цунна. Украине ша варан бахьанехь иштта дуьйцу цо: "Со комфорт лоьхуш вацара. Сан вежарий кхузахь тIемаш беш болу дела веана со кхуза".

"Церан хIоъ-молха тхайчул а алсам хир ду"

Ахалая Георгий
Ахалая Георгий

ЦIера Гуьржийчуьра ву Ахалая Георгий. ЗIе а лелош, дронашца болх беш ву иза Ичкерин декъехь. Зазадокху-бутт болабелчхьана ву иза Украинехь, ткъа дукха хан йоццуш ОБОН-х дIакхетта иза. Ахалаяс дийцира, тIемаш боьлхучу хьалхарчу позицехь долчух, цкъа шаьш тIаме дахарх къаьстина а дуьйцуш.

"Херсонна герггахь керла позицеш мукъаехира украинхойн эскаро гIадужу-беттан юьххьехь. Аренаш а, хьаннаш йолу а меттиг яра иза. Нах дIахьулбала буьйлебеллера, оьрсаша яьхначу блиндажашка ховшийла дацара, царна евзара шайн координаташ, тIе бомабанаш йетта тарлора. Керла оьрнаш даха дезара. Блиндаж яьккхина, дечигах йина, дIахIоттон, балкаш йохкуш – оцу доллучунна а хан оьшура. Цундела окопаш башха кIорга яц", - кхетадо Ахалаяс.

Цкъа шаьш иштта арадевллачу хенахь, дуьйцу эскархочо, "ши граната кхоьсина, хьолан терго ян" Iалашонца дрон хьажийнера цо.

"Тхуна ги-кх, тхо хIаллакъян гIерта Оьрсийчоьнан БТР йохийна ю-кх. Там бара, цуьнца доьзна цара жигара герзаш диттина хила. Саццанза тохарш дечу заманчохь дрон хьажайойла дац. ХIоъ-молха церан тхайчул а алсам хир ду. Оьрсийн ротаци йолчу хенахь, уьш хийцало, керланаш богIу, хьалхарчу дийнахь шаьш дIагайта деза церан. Жигара тохарш дар хила куц ду цуьнца доьзна. Дукха хьолахь ишта хIума до цара", - боху эскархочо.

Цо бахарехь, дийнна взводан йа ротин Iалашонца ларон тарло цхьа дрон. ТIеман говзанчийн заказца а, церан чоьтах а йеш ю дронаш. Китайн гIирсех йинчу тIеман дронан мах ялх эзар доллар бу, францхойн – 12-20 эзар. Уьш йеш болчарна Iедалхойн гIо оьшу, команда вовшахтоха а, дуккха а дронаш арахеца а.

"Нагахь санна, дрон нийса вовшахтоьхнехь а, цуьнан дика оператор велахь а, Iаламат пайден ю иза тIеман арахь. Оцу тIехь Iемаш долу дакъош хIинцале а долуш ду. Амма цунах тоам бац. Меттигерчу бюрократино сецадо и дакъош кхиар. Дрон оьцучу хенахь, иза лелочу хенахь куьйгаллина тIеваха веза, цуьнга мухIар таIадайта а, куьйгяздайта а. Цунна хан дIайоьду, ткъа тIеман аренца хьал дийнахь масийттазза хийцало", - кхетадо Ахалаяс.

Цо билгалдоккху, дика дронаш а, тIеман говзанчаш а Оьрсийчоьнан агоIр а хилар.

"Ча улло яьккхина лела оьрсий, уьш даим бехна бу моттар, гIалат ду. Кхузахь а санна, цигахь а бу говза эпсарш, тIом бан а хууш, тIеман хьелашка хьаьжжина хIун дан деза а хууш. Бакъдерг аьлча, хIоъ-молха деттачу хенахь идар, кхийсавалар, тIома вийлар чIогIа мотиваци ю", - дерзийра къамелдечо.

"Оркаш Украинера арабаха лууш ву со"

Хьалха-Мартанара вахархо, "Бандера" цIе лелош волу Джамбетов Хьусейн ОБОН-н талламхойн диверсин тобанан командир ву. Эскархочо боху шен 13 шо дара, ша Нохчийчохь хьалхарчу тIамехь дакъалоцуш волчу хенахь.

"ТIемалой олура тхох, амма тхо оркашна а, тхан латта къуьйсучарна а оккупанташна а дуьхьал тIемаш беш дара. Ичкерия республикан арми яра иза. ШолгIачу тIамехь а лаьцна ас дакъа, диверсин белхаш бора ас. ТIом бу боьдуш, оцу сохьта тIеман зеделларг гулло хьан. Баккхийчара тергойеш, Iамабо къона тIемалой", - боху Джамбетовс.

ТIом бечу дозана улло богIу журналисташ тIеоьцуш, уьш дIасалелош ву иза. Цунна коьрта хета, дуьнненна а, Украинана а хIокху тIамех лаьцна дуккха а хууш хилар. ТIамах лаьцна дуьйцучу Джамбетовс дусту хуьлуш дерг шен даймахкхаь хиллачу конфликтца.

Джамбетов Хьусейн
Джамбетов Хьусейн

"[Нохчийчоьнан куьйгалхо] Кадыров Рамзан пехотинец бен вац, ткъа цивилан дуьненан коьрта мостаг – Путин [Оьрсийчоьнан президент Владимир] ву. Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш Оьрсийчоьно чIогIа Iаткъам бора Малхбузена а, Украинана а цхьаьна. Массо а Оьрсийчоьнна тIехIоьттинера, нохчийн тIемалой хIаллакбан дIалора, кеп-кепарчу мехкашкара бойур буй а хууш. [Ичкерии президент] Дудаев Джохар гIиртира цивилан дуьне кхетон, амма цхьанна а ца лиира иза ган. Ткъа хIинца Путина доллу дуьненна зарратан бомба кхусур ю бохуш, кхерамаш туьйсу. Терроризм яц иза? Экстремизм яц иза?", - хеттаршка вуьйлу къамелдийриг.

Цунна хетарехь, Нохчийчохь тIемаш лаьттачу заманчохь Оьрсийчоьно дуккха а маьIданаш доьхкира, цундела дуьнено бIаьрга хьаббора хуьлуш долчунна.

"Оьрсийчоьнан кочаваха лууш цхьа а вацара хIетахь, - дуьйцу Джамбетовс. – Ткъа тахана тхан тыл ю, доллу дуьне Украинехьа ду. Хууш долчух тера ду царна: тIе ца хIиттахь, кхана оьрсийн хьераяьлла ча шаьш долчу а еана, шаьш арадахарна. "Буьйса яккха" Франци а кхочур ю, польше а Чехи а. ХIунда аьлча, оьрсийн ча иштта атта дIа ца йоьду, гIажца эккхон езаш хуьлу иза".

2003-чу шарахь Джамбетов федералан лехамашка велира экстремистийн а, терроризман а Iедалан къепешкахула. Шена уьш тIаьхьара бахархьама, Джамбетовна хетарехь, бакъонца дацара и, Европе дехьавелира иза, масех шо даьлча Бельгин вахархо хилира цунах.

Украина Iалашъечу нохчашца дукха дика контент ю сан, нахана уьш бевза кхузахь, беза а беза

Халалян жижиг духкуш шен долахь туьканаш йехкира ОБОН-н хинволчу эскархочо, итт шарахь лелийра цо и бизнес. Украинехь тIом баьлча шен доьзал а, болх а дIатесира цо. Украинхойн эскаран могIарех дIакхетархьама шена тоххара бевзаш хиллачу нахах пайдаийцира Джамбетовс.

Амаев Зумсо
Амаев Зумсо

"ХIинца тхайн батальонан командир волу Зумсо Хьаьжа-Мурад дика вевзара суна. Тхойшиъ цхьана хенара ву, вевза 17 шо а ду, Нохчийчохь шолгIа тIом болуш дуьйна. Европехь вехачу хенахь а зIенехь вара тхойша. 2015-чу шарера схьа дуйна Украинехь тIемаш беш ву иза. Чиллан-беттан юьххьехь [2022-чу шеран] Лисичанскехь вара иза. Цуьнга телефон а тоьхна, сайга ладогIар дийхира ас: "Хьуна тешаме хила чIагIо йо ас, муьлхха а хьийзош долу халкъ маьршадоккхучу некъа тIехь хьуна уллохь хир ву. Тахана украинхой бу уьш, кхана хила тарло нохчийн къам. Ткъа хIинца, ахь со хьуо волчу дIа ца вигахь, Далла хьалха жоьпехь хир ву хьо". ТIаьхьо украинхойн доза хадийра ас, Хаьжа-Мурада шен декъе дIавигира со", - дагалоьцу къамелдечо.

Джамбетовс бахарехь, доллу цуьнан алапа дIадоьду тIеман гIирсашна: машенна бензин эца а деза, украинхойн армино делларг итт денна тоьаш хуьлу, наггахь цхьана дийнахь и чекхдолу.

"Суна сайна дукха хIума ца оьшу, цхьана дийнан барамехь делла Iаьнарехь деттинчу жижиган банка тоаме хуьлу, сгущенка а хуьлу, чIогIа реза ву со. Катоьхна оркаш Украинера а, [аннекси йинчу] ГIирмера а арабаха лаьа суна, тIаккха, дала пурба лахь, тхайн дай баьхначу лаьтта тIе а дерза а. Оха тIемаш бийр бу тхайн дайша а, церан дайша а санна,- кхин дIа дуьйцу Джамбетовс. – Доллу дуьненна хьераяьллачу "оьрсийн чанан" маIарш хаалур яц-те бохуш, шерашкахь сатийсина ас. Тахана доллу дуьнене боху оха, тхо Ичкерин тIемалой ду, тхайн вежарий-украинхой Iалашбеш а ду".

ОБОН-о дакъалаьцна Херсонан кIоштан дакъа маьршадоккхуш а, тIемаш боьлхучу йистошкахь йолчу яртийн бахархоша дийцарехь, ичкерихой бара дуьххьара Ингулец хих а бевлла, украинхойн агIор чубаьхкинарш.

"Тхуна карийра цхьа цIа, хоьтту: стенгахь бу оцу чохь баьхнарш? Телефон туху, догIанаш схьа а оьций¸чудоьлху. ХIусамда дуьхьал вацара. Сагатдора цо, мел хIуъа дицича а арми ю, божарий бу, лела ца дезачу кепехь лела а тарлора. Амма тIаьхьо кхийтира иза, сагатдан ца оьшийла. Оха паргIат, кхерамза меттиг лоьху меттигерчу бахархошлахь", боху Джамбетовс.

Батальонан командиран гIовс Амаев Зумсо суьйранна кхечира хIусаме, тIеман гIуллакхера юхавирзинера иза дикачу синхIоттамца. Иштта дуьйцу цо шен дIадахначу дийнах лаьцна: "ТIеман хьалхара и позицеш, кхузара дIа 20 километар йолу, оха дика теллина, хьуьнан асанехула а тхо чекхдевлла. Цигахь гIирс оьшура, компетенте сапераш а оьшура – уьш тIе ца тоьа муьлххачу а тIамехь, гуттар оьшуш а бу уьш… Тахана хиллачу минометан тохаршкахь сан цхьа а ваша лазийна вац, тхуна пхи метар уллохь хIоъ-молха иккхинехь а. ЧIогIа шога хьал дара".

Кавказ.Реалиин корреспондентаца цхьанакхеттачу хенахь тIемалой чохь Iийначу хIусаман дас чIогIа дика, ларамца дийцира царех лаьцна. Ивана (цIе хийцина) дийцира батальонца шен тасаделлачу гергарлонех.

"Оккупанташ арабаьхначул тIаьхьа дуьххьара гучубевлларш уьш бара. Хаьттира, хьенан цIа ду. Ас боху, сан ду. Цхьа а ву цу чохь Iаш, хоьттура: "Цхьа а вац". – "Тхо Iен мегар дуй?" Ас пурба делира царна йоллу чоьнаш дIалеца. Цаьрца юкъаметтигаш сан чIогIа дика ю. Суна хазахета, уьш кхузахь болуш, уьш кхузахь биса а лаьа суна", - боху къамелдечо.

Юрт паргIатъяккхале хьалха, кхин дIа дуьйцу Ивана, цуьнан цIа чохь бехаш кадыровхой, дагестанхой, буряташ, якуташ, оьрсий бара. Зазадоккху-беттан хьалхарчу деношкахь чубаьхкинера уьш. Кест-кеста хийцалора цу чохь берш, шен ма-хуьллу цаьрца юкъара мотт карон а гIертара хIусаман долахо, шен бахам хIаллак ца байта.

"Со воьлхура, ас дехарш дора цаьрга, хIуммаъ чуьра ма йохаяхьара бохуш. Кадыровхоша олура, тхуна дуьхьал дац шаьш, "бандеровцашна" дуьхьал ду. Ас элира цаьрга, со "бандеровец" ву, хIунда аьлча, со украинхо волу дела. Цецбевллера уьш, хоьттура, баккъал болу "бандеровцаш" стенгахь бу бохуш. Ас боху тхо дерриш а кхузахь ду. Меттабаьхкира уьш… Ас цаьрца шогалла а ца лелайора, со къано ву, цара суна кIад а дийр дацара. Кхерам лаьттара кегийрхошна", - дуьйцу Ивана.

Украинан эскаро кIошт маьршаяккхале хьалаха кадыровхошна а, Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахошна а юккъехь хиллачу гIоьртину хьолах дагалоьцу цо.

ОБОН-н тIемалой тIебисинчу хIусамехь герз
ОБОН-н тIемалой тIебисинчу хIусамехь герз

"Кадыровхой царех кхоьрура, царна тIе пIелгаш хьежош олура: "Цаьрца ларлуш хилалахь!" Маларш къайладаха элира (сан къаьркъанийн коллекци яра цIахь), элира: "Катоххий уьш къайладахалахь, мала а мелла, "хIорш бале бевр бу массарна а". Кадыровхой а, кхинболу Оьрсийчуьра бахархой а кху чохь болчу заманчохь бакъо яцара сан сайн чу ван. ХIинца-м сан дукха дика юкъаметтигаш ю Украина Iалашъечу нохчашца, нахана уьш бовза а бевза, беза а беза", - боху къамелдечо.

"Украина юкъарчу мостагIца леташ ю"

Къобалъязчу Ичкерин хиллачу президентан кIант, юкъаралхо Масхадов Анзор масийттазза кхечира Украине Оьрсийчоьно тIом болийчхьана цхьанакхетарш хилира цуьнан МИД-хь, политикашца, хьаькамашца, РАДА-н депуташца –Украинан парламенто йозуш йоцу Нохчийчоь аьлла тIеэцначу мехкан бIаьрла векал санна.

Масхадов цхьанакхийтира, ВСУ-н кхечу дакъошкахь тIемаш бечу Шейх Мансуран а, Дудаев Джохаран а цIарахчу лаамхойн батальонийн эскархошца.

"Тахана Украинаца хилларг дара тхуна хилларг а. Цундела ю нохчийн иштта мотиваци. Юкъарчу мостагIах леташ ю Украина. Со даим дуьхьал вара нохчаша тIом барна, масала, Шемахь, йа кхечу мехкашкахь. Амма Украинехь долчух кхеташ ду, кхузахь оккупанташца дIабоьдуш боккха тIом бу", - боху Масхадовс.

Цунна хетарехь, Нохчийчуьра юкъаралла, Украинехьа тIемаш бечу шайн махкахошкахьа бу.

"Царна кIордийна хIара раж. Сайна цигара бевзачаьрца ас къамел дечу заманчохь, цара олу: "Тхуна лаьа хIара сихха дIадоладала, арахьара цхьана ницкъо, хуьлийла уьш Европера Ичкерин агIончаш, йа цхьа кхин нах вайн латта оцу къоман ямартхойх дIацIандан. Нохчийчоьнан Iедалхоша масийттазза кхерамаш тийсира, Украинехьа тIемаш бечу нохчийн тIемалошна. Шейх Мансуран батальонехь тIемаш бечийн гергарнаш лечкъийра кадыровхоша. Амма хIетте а церан ницкъ ца тоьира уьш къарбан. Украинехь тIом беш ма-хиллара, наха кхин дIа а бийр бу", - тешна ву къамелдийриг.

ХIара тхан историн мостагI ву, дукха хан йоццуш тхан гергарнаш а, бевза-безарш а байина
Сулейманов Джамбулат
Сулейманов Джамбулат

Европехь куп тоьхначу пачхьалкхан бух билларан "Толам" комитетан куьйгалхо Сулейманов Джамбулат тешна ву, нохчий ма-дарра аьлча, Украинерчу тIамна дуьхьал хиларх. Нахана ца лаьа, кегийрхой шайна хьалхара бала Украине хьийсон.

"Бахархойн реакци – сайн хьасташ ю сан – негативе ю. Соьгахь информаци ю, Кадыровн нана а цхьаьна дуьхьал ю тIамехь жигара дакъалацарна аьлла. Оцу тIехула шен кIантаца ийгIина, цо шена динчу цIера яьлла а хиллера иза, цкъачунна шен ваша волчахь Iаш ю. Иза бакъйолу зуда ю бохург дац иза, иза кхоьру, республикера бахархой тIетаьIIина бойуш хиларо социалан хьал хийцарна, цо зенаш дийр ду цуьнан эвсара дахарна", - чIагIдо Сулеймановс.

Украинехь тIом бечу нохчех дерг аьлча, цара сагатдо шайн гергарчарна, цундела дукхахболчу декъашхоша хьулдо шаьш оцу тIамехь дакъалоцуш хилар, билгалдоккху цо. Делахь а, боху къамелдечо, тIех сов шена дуьхьалболчийн гергарчарна Iаткъам бахь, хьал эгIа тарло махкара, иштта а стабилехь доцу.

Сулеймановс бахарехь, тIаьххьарчу беттанашкхаь Украине тIом бан веана хIора а нохчо, Iаламат чIогIа мотиваци йолуш ву, оцу т Iамехь толам баккха.

"Муьлххачу а дуьненан маьIIехь а Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан кийча бу и тешна нах. ХIара тхан историн мостагI ву, дукха хан йоццуш тхан гергарнаш а, бевза-безарш а байина волу", - боху Ичкерин гIуллакхдархочо.

  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Кхаж теснера 287 депутато.
  • Лахьан-беттан юьххьехь Украинан президенто Зеленский Владимира официалехь тергойира, 25 эзар куьйг гулдина, Ичкерин суверенитет къобалъярх петицин. Низамехь оццул кхаж вовшахкхеттехь пачхьалкхан куьйгалхо хьажа декхаре ву цуьнга.
  • Хьалхо ООН-н кхерамзаллин Кхеташонан гуламехь охан-беттан 5-чохь вистхуьлуш Украинан президенто Зеленский Владимира дIахьедира, Оьрсийчоьно "халкъан а, динан а башхалла" хIаллакъеш дIахьочу политико дIайоху "шина континентера иттанашкахь сов къаьмнийн паргIато, шайна ма-хетта даха йолу бакъо".
  • Стигалкъекъа-баттахь Киеверчу политикашца цхьаьнакхетар хилира Ичкерин арахьара Iедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан, ткъа Лакхарчу Радан депутато Гончаренко Алексейс хьийхира чергазийн геноцид а, Ичкерин суверенитет а къобалъяр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG