ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коьрта йешархо Кремлехь ву. "Ахьмадан некъ" хестош социал-машанашкахь бюджетникашка бертаза йозанаш дойту


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллора накъост, республикан зорбанан министр волчу Дудаев Ахьмада бюджетникашка интернетехь болу болх жигара баккха, цу кеппара "экстремизман идеологина дуьхьало латтор йу вай", аьлла. Шен министраллерчу коллегашца цхьаьнакхетар дIадаьхьира цо, Гуьмсехь тIемалойх ву боху шиъ вийначул тIаьхьа. Iедалан белхалошка социал-машанашкахь дикачу агIор "Ахьмадан некъах" йозанаш де а элира.

Нохчийчуьрчу администрацийн белхалошка и тайпа болх бойту массийтта шо а ду. Амма дукхахболу нах цу тайпачу йозанех а, лайкех а ца теша. Хала ду ца догIучу дагца лелочух теша, аьлла хета редакцица къамеле бевллачарна.

Стенна оьшу и, хьанна тIедоьгIна ду? Цунах дерг къастош, Кавказ.Реалии сайтаца къамелаш дира нохчийн эксперташа а, йукъараллийн жигархоша а.

Кху хIоьттинчу хьолехь йерриге йукъаралла цхьаъ хилла, мобилизаци йина, дIахIотта йеза - (Оьрсийчоьнна муьтIахь хиллачу дуьххьарлерчу нохчийн президентан Кадыров Ахьматан - билг. ред.) тобанан хIора векал кху йукъараллин векал ву, хIора а "интернетерчу йукъараллин харц хьежамашца къийса декхарийлахь а ву",- элира цхьанакхетарерчу видео тIехь гулбеллачаьрга Дудаевс.

"ХIораннан карахь телефон йу, социал-машанашкахула волавала интернет йоцуш цхьа а вац. И хIун бохург ду?.. ГIишлошйархо а ша интеренетехь волчу йукъанна тидам беш хила веза дехьа-сехьа чухIитточу хаамашка. Лор а, журналист, хIора адам - башхалла йац. "Массеран йукъара болх" бу хIара, министраллийн, урхаллийн а", - элира Миннацинформ-ан куьйгалхочо.

Дагавоьхна хьал долуш санна кеп хIиттор

Низмаца цадогIу декхарш бюджетникашна тIедахкар Iедалхошлахь хьалха хаалора. Иштта, стохкалерчу гезгмашин-баттахь Кадыровн инстаграмерчу, телеграмерчу "посташна" тидам беш "жигаралла гайтар" тIедиллира царна - йерриге комментареш Iедална резадолуш, цунах даккхийдеш хила йеза аьлла дара. И тайпа омра бюджетникашна Кадыровца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа делира. Социал-машанашкара шена резаболчийн жигаралла лахделла цо аларца.

Цул совнах, Кадыров Рамзанан, цуьнан гонерчу накъостийн аккаунтийн "жигаралла" эцна лелочу гIарабевллачу блогершкара реклама леларо латтош дара.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо, инстаграмера аккаунт дIакъевличхьана, телеграм аккаунтах шен хаамийн керла майда йина. Кхузахь а гуш ду, леррина жигаралла хьаладоккхуш, болх дIабахьар. Дукха хьолахь и йозанаш цхьа а сурт доцчу йесачу аккаунташкара хуьлу. Ткъа шаьш комментареш муьлххачу постана йаздан тарлочу дешнашца вовшахтесина, йух-йуха а карлайуьйлуш, йа масех хесточу дешнех лаьтташ, йа масех смайликах. Масала, цхьана постана цуьнан чулацамца йанне ца йогIу масех бIе комментарий йитнера, "массарна машар а, кхиамаш хуьлийла" бохуш.

Iедална хаьа, нах шайна реза боцийла. Цундела оьшу хIара хестамийн суьрташ хIиттор

Нохчийн хьаькамийн аккаунташкахь йаздийриш бакъдолчух тера хилийтархьама, йозанаш нохчийн маттахь до, элира Кавказ.Реалии редакцига социал-машанашкахь рекламан-аккаунташ жигара лелар толлучу Дагестанерчу SEO-специалисто. Кадыров Рамзанан посташна йаздийриг бакъдолчух мелла а тера хилийтархьама, бюджетникашка шайн цIерашца йолчу аккаунташкара йазде олу. Ткъа и тайпа белхалой республикехь мел лахара а 150 эзар бу. Цундела и тайпа сурт хIоттон хIумма хала дац, боху къамелахочо.

"Ахьмадан некъ" хестор а кIордийна, дукха вийцина меттанаш тIехь ахкаргаш дина. Еккъа цхьа хаамийн гIовгIа йу-кх. Республикан бахархоша тергал ца йо и, тешна ву Францера Ичкерин векал, нохчийн йукъараллин жигархо Албаков Шамал. Цо дийцарехь, массо кхеташ ву, муьлхха а Iедалца хесторца йоьзна жигаралла - харжамаш тIера "патриотийн" хестамаш тIекхаччалц - "йеккъа цхьа йуьйсина моттаргIанаш" хиларх.

"Iедална оьшу и тайпа комментареш - цо дуккха хIума гойту. Iедалхошна хаьа, шаьш болх ледара бойла, нах шайна реза боцийла. Цундела оьшу хIара хастамийн суьрташ хIиттор. Нохчийн йукъараллехь цхьа а тайпа Iедалхошна оьшучу агIор хийцам беш хIума а дац и. Амма хьестабаларан, хесторан гIирс шен болх бечуьра ца соцу. Иттанашкахь адамаш, бюджеташ а ду цу йуккъе хьакхийна. Лакхарчу хьаькамашка шайн белхан жамIаш довзуьйтуш, Iаш",- охьадагардо Кавказ. Реалии-га къамел дечо.

Аутсорсингехь хастамаш

Нахе шаьш хестадойтуш къоман шайга болу безам гайтархьама, лелаш бу Iедалхой. Амма безам боцуш бу, боху Кавказ. Реалии сайтаца къамеле ваьллачу NIYSO-телеграм-каналан авторех цхьамма. Цо бахарехь, хIинца массарна хаьа, и комментареш цхьамма шена лаамца йитина йу йа бюджетникаша, боташа йазйина йу - и тайпанаш йоцца, цхьана кепаца йина хуьлу.

"Кепаш хIитторхьама комментареш йазйаран практика даимна хилла йу. Наггахь цхьаццачу хиламашна тIейоьгIна хуьлу уьш - тIаккха машанашкара хестамийн жигаралла гуттар чогIа карзахдолу. Нохчийчоьнан бахархошна дукха дика хаьа, Iедалхой хесторан комментареш муха йазйеш йу. Вайнчул дика хаьа царна иза. Бюджетникаш боьлла цу хьолах - хьаькамаш хестор шайн белхан цхьа дакъа долуш санна",- дуьйцу къамелахочо.

Шаьш хилар цхьана агIор дерзош, шаьш болх бо сурт хIиттош, нохчийн йукъараллехь шаьш контроль йо муттуьйтуш

NIYSO- каналехь болчара дийцарехь, и тайпа жигаралла социал-машанашкахь хилийта, Нохчийчохь болх беш аутсорсинг йу - леррина цу гIуллакхна, мехах оьшу комментареш йазйеш лелош нах бу. Хьалхо Кавказ.Реалии сайте изза хаам беш йистхилира Нохчийчуьра дешаран министраллин цхьана кIоштера белхало. Цо элира, тайп-тайпачу урхаллашкахь болх беш шатайпа чаташ йу, цу чаташкахь тайп-тайпачу департаменташкара белхалоша, шайн беттан алапна кхин а 5 эзар сом тIеделча, и тайпа болх бо аьлла. Официалехь доцуш, конвертаца.

Москвана хьалха сурт хIиттор

Социал-машанашкахь бертаза комментареш йазйе бохуш хьийзочу нехан дегнаш этIа, боху "Кавказан къаьмнийн ассамблейн" куьйгалхочо, политолого Кутаев Руслана. Нагахь Нохчийчуьра бахархой хастамийн йозанех тешаш бацахь, уьш цигахь хилийта йеш харж йелахь - уьш кхечанхьа оьшух хила тарло - федерал центрехь болучарна дIагайта, таханлера нохчийн Iедал оьшуш ду, нахана дезаш ду, церан меттана хIоттон кхин цхьа а вац алархьама, хета шена боху къамелахочо.

"Нохчийчоьнан Iедалхой Москвана шайн ладаме хилар дIагойтуш бу, шайн хилар, шаьш нохчийн йукъараллехь контроль латтор. Ткъа Кремль, хетарехь, теша цу дерригенах. Кхечу агIор, Кадыров шен гондхьарчу белхан накъосташка хаам беш санна гуш ву. Нагахь шена цхьа луьра цамгар кхетахь, куьйгалхочун дарж къовса тарло аша, амма нохчийн къомо а, Москвано а къобалвен верг сан кIант [Кадыров] ву шуна",- боху Кутаевс.

Европерчу "Цхьааллин ницкъ" боламан хаамийн декъан куьйгалхочо Музаев Сайхана редакцица хиллачу шен къамелехь билгалдаьккхира, нохчийн бюджетан белхахошка Iедалхой бертаза хестабойтуш хилар, балхар дIабахаран буьста кхаччалц кхерамаш туьйссуш. Иштта стадионашка а, Iедалхойн митингашка а буьгу уьш." И дерриге ца лелон нехан цхьажимма таро йелхьара, цара иза хазахетарца ца лелош, дуьтур дара",-тешна ву къамелахо.

Украинехь болийначу тIамо а, тIаьхьарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун цамгарах болчу хаамаша а чIагIбина "Троллийн фабрикан" болх, боху Музаевс. Нохчий ша массо хIуманна тIехь лаьцна латтош буйла дIагайта лаьа Кадыровна. Иштта, цо гойту олалла шен карахь хилар. Путинца йолу шен йукъаметтиг даимна дика йолуш санна лела иза. ТIеман министраллица хилла дов бахьанехь ша сацийна воллушехь.

Нохчийчохь тидаме эцна, "бала боцу" бахархой. Цара Iедална муьтIахь хилар ца гойту, йа дуьхьало ца йо. Регионан куьйгалхочо и тайпа нах "уггаре кхерамениш" лерина. Дукхахьолахь кегийрхой бу цара буьйцурш. Иштта шен олалла чIагIдеш ву Кадыров, боху Кавказ.Реалии-с хеттарш динчу бакъонашларйархоша.

  • Нохчийн парламентан спикер а, республикан куьйгалхочун уллора накъост а волчу Даудов Мохьмада социал-машанашкахь гергарлонаш лелорна йоккха критика йина кегийрхошна. Цу хьокъехь Нохчийчохь онлайн - гIаролаш йукъадаьхна. Ламасташца ца догIу йозанаш лохуш. Онлайн-къамелаш а ду цамагийначеран могIарехь.
  • 2021-чу шеран гIуран-баттахь хьаькаман кхин цхьа кIант - Кадыров Iели - винчу денца декъалвира, шайн официал-аккаунташкахь нохчийн лаккхарчу хьаькмаша. Дечкен-беттан йуккъехь Нохчийчоьнан Iедалан инстаграм-аккаунташкахь, нохчийн политикийн агIонашкахь масех дийнахь лаьттира Кадыров Рамзанан ворхI шо кхаьчна Эсет, Шейх-Ахьмат декъалдеш, хIиттийна "посташ".
  • Украинерчу тIамехь оьрсийн эскаран агIо лоцуш, Нохчийчохь масех баттахь хIоттамашкахь деш ламазаш ду. Хьалха маьждиге бахар меттигерчу бюджетникашна тIехь бен ца хиллехь, хIинца школашкара, берийн бошмашкара бераш даладо цига. Кавказа.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа дийцира, и дерриге Iедалхошна стенна оьшу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG