Нохчийчуьра схьаваьллачу криминалан авторитетна Бекаев Омарна, къуйн гонашкахь Омар Уфимский цIарца дика вевзачу, тоьхна таIзар бакъоне дирзина. Карарчу шеран Марсхьокху-баттахь кхайкхийра цуьнан хьокъехь бина сацам. 11 шо сов набахтехь даккха деза Бекаевн.
Бекаевн бехк тIечIагIбина, "тутмакхийн иерархехь латтарна" а, "набахтен белхашна дезорганизаци латторна" а. 1999-чу шарера схьа дуьйна Бекаев зуламхойн иерархехь лаккхара дарж дIалаьцна хилар а, криминалан авторитет хилар а тIечIагIдина лерина кхело, яздо "Комсомольская правда" газето шайн сайтехь.
2019-чу шарера таханалерачу дийне кхаччалц Удмуртерчу набахтехь таIзар токхуш ву Бекаев Омар, Москварчу Химкин кхело наркотикаш лелорца доьзна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхна тIехула.
- Гезгамашин- беттан 2-3-чу дийнахь Афинашкахь хиллачу "тутмакхийн эланийн" цхьаьнакхетарехь ультиматум кхайкхийна криминалан гонашкахь Шалинский Ахмед аьлча вевзаш волчу Домбаев Ахьмадна, 150 миллион сом цо шена дитина аьлла.
- Нохчийчуьрчу Шелара ву Домбаев. Москварчу тIеман кхело талораш дарна 2011-чу шарахь набахтехь яккха 10 шо хан туьйхира цунна. Хан текхна цо Къилбаседа ХIирийчохь, Оренбурган а, Челябинскан а мехкашкахь. Маьршаваьлла, Нохчийчу юхавеана 2019-чу шарахь.
- Набахтера мукъаваьлла дукха хан ялале Домбаев Москва дIавахара ваха. Цо даймохк дIатасале дара Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен ларам бац " тутмакхийн низамашка", " тутмакхийн элийн" шайн Нохчийчуьра гIуллакхаш дита дезар ду аьлча.
- 2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, Домбаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна шаьш цо криминалитетан тIегIанашкахь лаккхара "дарж" шена тIеэцарна, аьлла. Талламо бахарехь, цунна "тажтиллина" иза БуьритIерачу №1 колонехь хан йоккхуш волчу шерашкахь.