ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Колонехь даккха 9 шо кхайкхийна Зява Махачкалинскийна


ХIинжа-ГIалан суд, гайтаман сурт
ХIинжа-ГIалан суд, гайтаман сурт

Дагестанан Лаккхарчу кхело сацам бина Зява Махачкалинский цIе лелош волчу криминалан эла лоручу Абдулхаликов Зиявдина дуьхьал теллинчу бехктакхаман гIуллакхехула.

Оьрсийчоьнан криминалан кондексна тIе а тевжаш, зуламхойн иерархехь лаккхара меттиг дIалацарна 9 шо колонехь луьрчу хьелашкахь даккха хан тоьхна 62 шо долчу Абдулхаликовна, хаам бина Дагестанан Лаккхарчу кхелан зорбан-сервиса.

Талламаман версица, масийттазза чувоьллина хилла волу Абдулхаликов 1990-чу шарахь дуьйна зуламхойн иерархехь лаккхара меттиг дIалоцуш а ву, ша "низамехь къу" лоруш а ву. Шен криминалан авторитетах цо пайда оьцуш хилла зуламаш лелор вовшахтухуш а, куьйгалла деш а, уьйраш латтош а, аьлла хета бехкбиллархошна.

Кхел хIинца а болх бан ца йолаелла. Лакхарчу инстанцешкахь цунна латкам бан Абдулхаликовна ду 10 де.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG