Христофор Колумбан "дIавала дезар ду" Мехикон уггар бевзаш болчу проспектера, хаам бо Американ Аз зорбан гIирсо.
Мексикин коьртачу гIалан мэр йолчу Шейнбацм Клавдияс дIахьедина, Реформин проспектехь лаьтташ йолу Колумбан монумент хуьйцур ю аьлла, цуьнан метта меттигерчу къомах болчу зударшна хьажийна эсалла а хIоттош.
Колумбана хIоттийна статуя бIаьрла ориентир яра 10 асанах лаьттачу Мехикон юккъерчу проспектан. Мексикехь дукха хенахь дуьйна хилла цивилизацеш европахоша тIемашца схьаяхар емал дечу демонстранташа диллина басарш а деттара цунна, тIехь йозанаш а дора.
Колумбан монумент вовшахяьккхинера стохка, реставраци йон аьлла. ХIинца иза дехьайоккхуш ю гIалин малхбузерчу цхьана жимачу парке.