ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоманна ямарт нах? Стенна оьшу Кремльна Украинехь кадыровхой


Росгвардин тIемалой Нохчийчохь хьовсаршкахь, 2022-чу шеран Чиллан-бутт
Росгвардин тIемалой Нохчийчохь хьовсаршкахь, 2022-чу шеран Чиллан-бутт

Оьрсийн пропагандин пабликаша, пачхьалкхан "Грозный" телеканало а хаамбира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Украине кхаьчна, аьлла. Тоьшаллина гайтина ларми чохь дIаязйина, меттиган билгало ца гойтуш яьккхина видео бен яцара. Цхьа могIа нохчийн жигархой шеконехь лаьтта иза цига вахна бохучунна, цара и хаам политикан пиар-кампанин цхьа дакъа ду боху. Делахь а, Кадыровн юххера теш волу стаг – Пачхьалкхан думан "Единая Россия" партин депутат Делимханов Адам баккъала веана тIеман тийсадаларш лаьттачу Мариуполь гIалин йисте.

Кадыровс а, цуьнан гоно а билгалдаьккхина, оьрсийн политикан системехь цхьанне а йоцу Кремльца юкъаметтигаш шайн хилар, уьш кхин а чIагIъелла тIеман агресси йола а елла, Нохчийчоьнан куьйгалхочух цигара коьрта ньюсмейкер хилча. 58 оьрсийн губернаторех а (аннекси йина Крым а, Севастополь юкъа лоцуш), 450 Пачхьалкхан думан депутатех а шаьш тIеман тийсадаларшкахь хилар дIахьедеш Кадыров а, Делимханов а бен вац.

Зазадоккху-беттан 14-хь Кадыровс Делимханов тIехь волу видео гIаръяккхира – некъан билгалоно гайтарехь – Мариуполна уллохь Iуьллу Безымянное эвлахь яьккхина ю иза. "Адам ша вахана нохчий тIемалойн аьтто хуьлийла лууш дешнаш ала", - яздина цо 1,5 минотехь йолчу видеонна кIел.

Видео тIехь Пачхьалкхан думан депутата "Мариупол схьаяккха" планех лаьцна дуьйцу, иштта боху "пхиъ эзар стагах лаьтта тоба меттиге схьакхаьчна". Схьадиллина карти хьалха а лаьтташ, тIемалой дан дезарг хьоьхуш лаьтта иза, гонахьарчу хьолаца дуьстича, видео цара дIалаьцначу школин класс чохь яьккхина ю.

Тидам дIаойбу хIилла?

И пиар Кремлан а, ФСБ-н а омраца лелош ю, эзарнашкахь болу оьрсийн эскархойн меттана (Би-Би-Си-н Оьрсийн сервисан маххадорца, 190 эзар долара состав – Прим. ред.), Украинана дуьхьала тIом беш йозушйоцу, Кадыровна бен куьйгкIелахь йоцу тIеман декъаш ю бохуш гайтархьама, дуьйцу Венера Kulturverein Ichkeria ("Культуран "Ичкерия" центран") куьйгалхочо Исханов Хьусайна – нохчийчохь тIемаш лаьттачу хенахь тIе ца эцначу Ичкерин агIонехьа тIемаш бина цо, президентан Масхадов Асланан долара адъютантан дарже хьалакхаьчна иза.

Массо а, малбузера зорбанаша а тIаьхьа, бакъболу тIом а, Путин а бицбой, кадыровхой бийца хIоьттича, уьш тидам дIаойбучу речIана юкъанисло. Кхечу агIор, Украина кхерайо эша ца лучу нохчех лаьцна дийцаршца, амма цара шайн яьккхийтинчу цIарца цхьанне агIор боьзна бац кадыровхой – иза 1996-чу шарахь федерхой хIаллакбиначеран цIе ю, хета къамелдечунна.

Оьрсийчоьнан эскархойн декъехь Украинехь тIом беш тайп-тайпана къамнашкара нах бу, амма Оьрсийчоь империн бух тIаьхь лаьтташ хиларна, уьш берриг – оьрсийн салтий бу

"Оьрсийчоьнан эскархойн декъехь Украинехь тIом беш тайп-тайпана къаьмнашкара нах бу, амма Оьрсийчоь империн бух тIаьхь лаьтташ хиларна, уьш берриг – оьрсийн салтий бу. Цхьамма а ца яздо, ца олу тIом беш татарийн йа башкирийн салтий бу, амма массара дуьйцу нохчех лаьцна. Лерина украинхошна а нохчашна а юккъе зайла туху цара", - боху Исхановс.

ТIеман тийсадаларшкахь дакъа лоцуш кеманаш а, яккхийра тоьпаш а ю, ткъа цаьрца дуьстича Нохчийчуьра Росгвардин масех эзар эскархочо дIакхоьхьург коьрта васт яц, тидаме оьцу къамелдечо.

"Кадыровхой сабанан лоппаг санна медиаца буьйсина бу, цунна тIехьа дIалачкъийна ду Путинан тIеман зуламаш. Ше президент вац Украинерчу тIамах лаьцначу хаамашкахь гуш, Кадыров а, цуьнан цитаташ а ю хьехош цул а дукха", - чакхдаьккхина къамел Исхановс.

Украина ларъечу Дудаев Джовхаран цIарахчу батальонан командирна Осмаев Адамна хетарехь, Кадыровн тайна и шен васт – Оьрсийчоьнан президентана хьалха хьествала гIерта иза, цуьнан "фаворит" хила лууш.

"Кремло кхиамца лелийра кадыровхой нохчийн ницкъашна дуьхьала а, цултIаьхьа Гуьржийчоьнна дуьхьала а, Шемахь а. Цул сов, Кремлехь хетаделла царах бакъболчу нохчех санна кхоьру. Амма угара коьртаниг - Украинан а Ичкерин къаьмнашна юккъехь хьагI кхолла, цхьа а формалан тIечIагIдарш ца хилча а ца хилча а, бартхой болу. Цуьнан тоьшалла – украинан шайн лаамера тIемалой Ичкерехь а, ичкерерниш Украинехь а", - боху Осмаевс.

Шен лаамехь йолчу тIеман тобанан командира билгалдаьккхира, оьрсийн агрессех мохк ларбеш лела нохчий кхечаьрга дIахаийта гIерташ хьийза, "кадыровхой – уьш Украинера "ДНР-н" а, "ЛНР-н" агIончаш санна шен къоман ямарт нах буйла.

Беттийта пIелг а

Активист Янгулбаев ИбрахIим – бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакарн ваша а, оьрсийн террористийн а, экстремистийн а кехате язвина, Соьлжа-ГIалахь лаьцна латточу Мусаева Зареман кIант – реза ву Путино бехкаш Кадыровн "даимна бехке стаг" веш ву бохучунна.

Оьрсийн пропагандина пайде ду украинхой бойъурш оьрсийн тIемалой бац, Нохчмийчоьнан куьйгалхочунна бен куьйгкIела ца лаьтта, цхьа хьенеха кадыровхой бу боху стереотип кхолла, боху Янгулбаевс.

"Кадыровна тайна шен васт. Шен да Путино вийнийла хууш (I998-2000 шерашкахь тIе ца эцначу Ичкерин президентан администрацин куьйгалхочо Баталов Аптис дIахьедора, Соьлжа-ГIаларчу стадионехь Кадыров Ахьмад а вуьйш динчу эккхийтарна бехке ву Путин – Прим. Ред.), амма цуьнан куьйгкIелахь лаьтта стаг - иза мила ву? Кадыров кхеташ ву – Путин ца хилча, иза ша а хир вац. Цундела цо воккхаверца кхочушдо Кремлан дерриг омранаш", - хета Янгулбаев ИбрахIимна.

IADAT боламо а тIечIагIдечу активистан хаамашца а догIуш, Нохчийчоьнан куьйгалхо Украине ца вахана, ткъа яьккхина видео иза хIоттийна кеп ю. Окху деношкахь республике юхаеана "Юг" а, "Север" а батальонаш, церан тIемалошца дIаязйина Кадыров Рамзана и видео.

"Иза махбоцу пиаран кампани ю. Карахь герз доцу маьрша нахаца бен тIом бан хьуьнар дац цуьнан, ткъа бакъболчу тIамехь дакъа лаца доьналла тоьар дац цуьнан. Цуьнан социалан машанашкарчу посташна кIелахь ган тарло бIеннаш беламийн дIахьедарш, иза беламе вуьллуш ву – политиках цхьа блогер хилла. Цунна чIогIа новкъа догIучух тер аду иза, цундела шен стогалла дIагайта гIерташ иштта гайтаме видео яьккхина цо", - дуьйцу къамелдечо.

Кадыровхой сабанан лоппаг санна медиаца буьйсина бу, цунна тIехьа дIалачкъийна ду Путинан тIеман зуламаш

Цо тIе тидам бохуьйту, гайтинчу видео тIехь гуш вац баккъала а Мариуплана йистехь хилла Делимханов, оьрсийн пропагандистан Соловьев Владимиран эфирехь гайтина трофейн украинхойн тапча цIаеанчу Росгвардин тобано шайца еана яра.

Ала дашна, дуьненаюкъарчу низамашца дуьстича нийса доцу Кадыровн Украине вар шеконашка дуьллу официалан Киево а. Украинан президентан офисан куьйгалхочун хьехамчас Арестович Алексейс Зазадоккху-беттан 13-хь дIахьедира: "ХIинца луьстуш ду и информацин бакъ йа харц хила, амма иза селхана Соьлжа-ГIалахь гина, аьлл информаци кхаьчна. Амма цхьана дийнахь Киеве кхача а аьтто бу. Иштта делахь а, цуьнан гучуваларо хуьйцуш хIумма а дац".

Цуьнан махкахь хилар шеконе дуьллу Арестовичан комментарино цатам бина Кадыровна, цо яздина шен телеграмехь: "ХIунда "веанехь"? Хьуна ца гира яьккхина видео, йа хьан наьIах пIелг тоха безара аса?", ткъа украинан спикера жоп делира цунна: "Тоха тIаккха пIелг а".

Москва а сих ц ало республикан куьйгалхочун тIеман тийсадаларшка вахарна тоьшаллаш дала а. Оьрчийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс дIахьедира, Кремлехь оцу хьокъехь цхьа а хаамаш дац, аьлла. Дуьххьара дац Песковс нохчийн политик юхаийзош.

Сих-сиха Кремлан дог этIадо Кадыровн дIахьедарша

"Чоьхьарчу а, арахьарчу а политикехь доладделлачу Iедалан трансферехь Рамзан Ахматович реза вац шолгIачу декъара васташна. БIене ца кхочуш болчу губернаторех цхьаъ хилла ца иза, хилла яьлла къаьстина политикан фигура ю иза, цунах ца хьакхало оьрсийн низамаш а, кхечу хьаькамаш лело декхаре болу дозанаш а. Сих-сиха Кремлан дог этIадо Кадыровн дIахьедарша, хIунда аьлча, цо массо ханна хьалайоху ставкаш, шайна тIехьа Москвана бехказайийла еза дIахьедарш а до цо", - дийцина Кавказ.Реалиига шен цIе ца яккхар дехначу цхьахваолчу оьрсийн политолога.

Къамелдечо тIечIагIдина, Нохчийчуьра Росгвардин тIемалой баккъала а бац коьрта тохаран ницкъ, хIинцле дIалаьцначу латтанаш тIехь "къепе" бен ца латтайо цара.

***

Зазадоккху-беттан 15-хь ткъолгIа де-буьйса хуьлу Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртина. ТIеман тийсадаларш сацанза ду Украинан къилбаседехь, малхбалехь, къилба-малхбалехь а. Оьрсийн тIемалоша гуо бина масех яккхийрачу Украинан гIаланашна, шайлахь Мариуполь, Чернигов а йолуш, амма уьш схьа ца яккхало цаьрга. Американ зорбанаша дипломатин хьостанашна тIе а тевжаш хаамбо, Москван дуьххьара дехар кхачарца тIеман гIо даккха кийча хилар хаийтина Китайс. Оьрсийн официалан хьаькамаш бакъ ца до Пекинера шаьш оцу тайпа гIо дехна хилар. Тийсадаларш, кеманан тохарш а хIинцале а дIахьош ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG