ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Комендантан сахьт кхайкхийна Кабулехь


Кабул, дуьненаюкъарчу афропортана гергахь
Кабул, дуьненаюкъарчу афропортана гергахь

Афганистанехь керлачу администрацино Кабулехь кхайкхийна комендантан сахьт, яздо Свобода Радионо.

Цхьаболчу хаамашца, кхоьллина Координацин кхеташо, юкъараллин транспорт а, пачхьалкхан хьукматаш а болх бечуьра сацарна а, Кабул дIалацале масех кIира хьалха дуьйна оцу гIала талибаша шайн Iедал хIоттийначу провинцешкара мухIажираш хьовдарца доьзна а.

Дийцарехь, оцу кхеташонна юкъавахна маслаIат дарехула Лаккхарчу кхеташонан гIанда Iабдулла Iабдулла а, Исламан партин хьлханча Хекматьяр Гульбеддин а, Афганистанан 2004-2014 шерашкахь президент хилла Карзай Хьамид а.

"Эхо Москвы" радионо Оьрсийчоьнан Кабулерчу векалаллан пресс-атташена тIе а тевжаш хаам бина, гIалахь тийна хьал хиларх лаьцна. Оьрсийчоьнан векалалло хаийтина шаьш керлачу Iедалца юкъаметтигаш лело дагахь хиларх лаьцна.

Оршотан дийнахь, Марсхьокху-беттан 16-хь Афганистанера хьал дуьйцур ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхеташоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG