ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Коммерсант": "Вымпелкоман" 2 млн клиентах хаамаш баьржина интернетехь


Гайтаман сурт

"Вымпелком" ("Билайнан" бренд) интернетан операторан 2 миллион гергга абонентах лаьцна хаамаш интернетехь маьршша хьажа аьтто болуш хьал нисделла кх деношкахь. Цунах лаьцна яздо "Карара Хан" телеканало, "Коммерсант" газетана тIе а тевжаш.

Маьршша тIекхача аьтто болуш дара абонентийн паспорташ а, электорнан почта а, телефонийн номерш а. Информацин тIекхочийла яр Марсхьокху-беттан 2-хь дуьйна Гезгмашин-беттан 13-чу кхаччалц.

"ТМТ Консалтинг" агенталло бинчу хаамца, берриг а "Вымпелкоман" абонентийн терахь ду 2,86 миллион стаг.

Кхин цкъа а таллам бина шаьш и инцидент толлуш, хиънарг ду берриг а абонентех болу хаамаш тешам боллуш ларбеш хилар, шайн клиенташна кхераме долуш хIумма а дац, аьлла дIахьедина компанино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG