ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коммуналан хьаштех уггар беза мах Нохчийчохь хир бу 2022-чу шарахь


Оьрсийчоьнан регионашлахь коммуналан хьаштех мехаш къаьсттина Нохчийчохь лакхабевр бу 2022-чу – 6,5 процентна. Шо юккъе даьлча дуьйна хийцалур йолуш ю тарифаш, хаамбина "Российская газето".

Коммуналан мехаш 6% бевр бу Дагестанехь, ткъа оцу заманчохь Ставрополан махкахь 3,4 процентал сов хир бац мах. Къилбаседа Кавказан регионашкахь а, Оьрсийчоьнан Къилбехь а 3,7-5,4% лакхабер бу бахархоша коммуналах лучу ахчанан барам.

Карладоккху, стохка а уггар лакхара бара Нохчийчохь хIиттийначу коммуналан хьелех мехаш (6,5%).

  • Оьрсийчоьнан пачхьалкхехь уггар лакхара ю ипотека эцаран процент Къилбаседа Кавказехь: Нохчийчохь – 8,II%, ГIалгIайчохь – 8,22%. Оцу юкъанна уггар лахара барам гойту Къилбаседа-Кавкахан мехкашкахь: Кхарачой-Чергазийчохь (6,95%) а, ГIебарта-Балкхаройчохь (7,I%) а.
  • Бахархойн юкъаралла кхиоран Фондо бинчу талламашца а догIуш, къаьсттина лахара алапаш ду Оьрсийчохь – Нохчийчохь – 30 эзар сом, Дагестанехь – 32,3 эзар сом, ГIебарта-Балкхаройчохь – 32,6 эзар сом, ГIалгIайчохь 35,1 эзар сом.
  • Кегийчу а, юккъерчу а барамехь йолчу ярташкахь оьцучу алапийн барам массанхьачул лахара болу регионаш ю Зазадоккху-баттахь хIоттийначу рейтингехь Нохчийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а.
  • Жимчу а, юккъерчу хьесапан а бизнесе нах ийзорах лаьцна хIоттийначу рейтингехь массо а регионел тIаьхьа ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а.
  • Нохчийчохь а, Забайкальск- махкахь а беха массарел къен пенсионераш, 2019-чу шеран терахьаша гайтарехь.

*Тарифан турса юкъалаьцна, Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера хьал а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG