ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь хьалхара тIом балале, Соьлж-ГIаларчу университетехь доьшуш вара цхьа жима стаг. Иза цхьаннах къаьсташ вацара. МогIарера студент вара, амма Дудаев Джохар Iедале веъча, дукха наха тидам бира иза цуьнах тера вогIуш хиларна.

Цул тIаьхьа, оцу мискано, баккъала ша президентах тера хиларх тешначо, цуьнан санна мекхаш дитира. ТIаккха ерриге а университет, шайна юкъахь хьехархой а болуш йоьлура цуьнах. ТIом болабелча, мекхаш-м дукха сиха дIадехира, мацах ша Дудаевн цхьа фамили ерг а вац, иза Дудаев ву, ша ДудаЕв ву баьхначо санна.

Хьалхара тIом чекхабаьлча, кхин турпалхой юьхьарлаьцнера цхьанах тарбала луучу наха. Басаев Шамалан сибат дара цара шайна тIеозийнарг. Цуьнах тера ву аьлча тоам хетара.

Таханлерачу замано а гIарабаьхна дуккха а республикан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах тарбала луу нах. Уьш массанхьа бу. Духар а, маж-мекх цо санна леладо цара. Къаьстина иза леладо массо а тIегIанера Iедалан белхахоша. Оцунна терго йо юкъаралхочо Лалаев Лечас. Моттало адам ша ма дарра дIалела йиш йоцуш дина долуш санна, элира цо.

Лалаев: «Схьавеанчу хьаькамах тарбала гIерташ галбевлла бу нах. Хьалха Дудаеах тарлуш бара, цул тIаьхьа кхечунна, хIинца Кадыровх тербала гIерташ бу. ТIаьххьара, кхуза Бульба Тарас вагIахь, цуьнан санна месаш а йолуш лелара бу нохчий. ХIара хьанна тIедогIуш ду-м ца кхета со».

Украинхо Бульба Тарас дика дагаваийти Лалаев Лечас. И пачхьалкх Нохчийчоьнца цхьанна а кепара хьакхалуш яцахь а, цигахь лаккхара даржхошна юкъахь а бевла Кадыров Рамзанах тера леларш. Масала, Николаян кIоштан куьйгалхо Савченко Алексей духарца а, леларца а, коча тесначу суьлхьанашца а тервала гIерташ ву цуьнах. Дуьххьара оцунна тидам бинера украинера журналисташа.

Телебачення Торонто: «Гуш дуй шуна и шиъ мел тера ву? Кадыровна тIехь сийна коч ю. Савченкон тIехь а ю сийна коч, иштта тегна йолу. Iаьржа коч ю Кадыровна тIехь, Савченкон тIехь а ю Iаьржа коч. Кадыровн тIехь кIайн коч, Савченкон тIехь а ю изза. ТIакха, хIицна тидам белаша, Кадыровна суьлхьанаш кочахь ду, Савченкон уьш карахь ду».

Видеога леррина ца хьажча а гуш ду, Украинера политик Нохчийчоьнан куьйгалхочух шен ма хуьллу тарвала гIерташ хилар. Кадыровс санна шена елла Iphone X шен даймахках дика байташ язйинчарна дIаяла еза аьлла цо кху деношкахь.

Цхьаболчу журналисташа тидам барехь, Савченкос мехаза пайда оьцу, мах а луш, къахьоьгучу Кадыровн имиджмейкерийн балхах.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG