ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конституцин кхел дIайохош 13,5 миллин сом дойъур ду Нохчийчоьнан Iедалхоша


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Нохчийчоьнан Конституцин кхел дIайохочу буьйрана куьйгъяздина мехкан премьер-министро Хучиев Муслима. Оцу Iалашонашна хьажор ду 13,5 миллион сом.

"Лакхахь хьахийначу Iалашонашна 2022-чу шарахь Нохчийн Республикан Конституцин Кхелана 13 506 267 сом 96 кепек бюджетан ассигнованеш ло Нохчийчоьнан финансийн министралло республикан куьйгаллийн резерван фондера, хIоттийначу хийцамаш баран къепеца бюджетехь куьйг таIош", - аьлла ду документа тIехь.

2020-чу шеран гIуран-баттахь федералан низам тIеийцира, регионашкара конституцин кхелаш дIайохор магош. Ша низаман проект Пачхьалкхан Думе кховдийнера президенто Конституцехь динчу тIетохаршца доьзна. Конституцин кхелийн метта республикехь вовшахтухур ю конституцин кхеташонаш низамаш дохучу гуламашкахь, амма церан функцеш билгалъяьхна яц. Кхелаш дIаяхар федерализмана тIехь хаалур ду, хIунда аьлча, регионаш евр ю кхин а цхьана шайн лаамаллин бухех.

Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, и гIулч негативе хир ю, ткъа кхелашкахь шайн болх коьрта хилар билгалдоккху, йа дуьхьал хуьлу Оьрсийчоьнан парламентан сацамах лаьцна дийца.

2016-чу шарахь долчу хьелашца Конституцин (уставан) кхелаш болх беш яра пачхьалкхан 16 регионехь, иштта 13 республикашкахь а. Къилбаседа Кавказехь яра уьш болх беш Адыгейхь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а.

  • 2020-чу шеран гезгамашин-беттан 21-чохь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела вистхилира Халкъан гуламе республикера Конституцин кхел дIайохор хьоьхуш. Гезгамашин-беттан 22-чохь депутаташа и низаман проект Калиматовга юхаелира.
  • Къилбаседа ХIирийчохь суьдхо хилла пхи стаг латтон хIора шарахь 15 миллион сом республикан бюджетера лур ду. Цунах къаьстира 2022-чу шеран дечкен-баттахь мехкан парламентан кхеташонехь, Конституцин кхел дIайохон кхаж тесира цара хьалхарчу йоьшийлехь. 2022-чу шеран охан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна лелаш хир ду низам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG