ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусана дуьхьал массарна а прививкаш яр тIедожийна Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

COVID-19 вирусна дуьхьал махкара массо а баккхийчара вакцина яйта еза, 60 процентна тIехь совцийла дац аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Вирусах бахархой кIелхьарабаха цхьаъ бен боцу некъ бу иза, аьлла цо, яздо Новости агенталло.

"60 процентна тIехь севцна а ца Iаш, махкара боллу баккхийнаш мехий детташ чекхбаха беза вай. Цхьаъ бен боцу барам бу иза – бахархой уьнах ларбан бисинарг. Сайн аьтто баьллачуьра вистхила луур дара суна махкахошка, шайн хенна прививкаш йе аьлла. Лоьраша бохучуьнга ладогIа деза медицинаца боьзна боцчу нахе ла а ца доьгIуш", - аьлла Кадыров Рамзана, Нохчийчоьнан кIоштийн куьйгалхошца а, министрийн кабинетца а хиллачу цхьанакхетарехь.

Карарчу хенахь, Нохчийчуьрчу 17 кIоштах 11-хьа 60 процент бахархой чекхбевлла вакцинацех.

Махкахь 15 342 стаг уьнца ву, тIаьххьарчу цхьана 24 сахьтехь 121 вахархочуьнца вирус къаьстина. Верриг а коронавирусах товелла 12 860 стаг. 283 дархо велла.

  • Мангал-бутт юккъе баьллачу хенахь, нагахь санна бахархоша прививкаш ца яйтахь, шога дозанаш деттар ду" аьлла, кхерамаш тесира Кадыровс. Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада полицина а, динан урхаллина а тIедиллира, вакцинаци ян езаш хиларх бахархой кхетош, болх болабе аьлла.
  • Вакцинаци ярх карах тоьшалла доцуш, ярташка а ца дуьту шаьш, бохуш денна хаамаш бо Нохчийчуьрчу бахархоша. Шайн латкъамаш баржабо цара суьрташца а, видеошца а. Машенлелорхошка сертификаташ хоьтту бохург бакъ ца до республикеру некъан полицин урхалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG