Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла дийнахь-буса 116 пациент, цомгуш хилла кхин а 1 550 стаг.
Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 40 стаг, Ставропол-махкахь – 35, Кхарачой-Чергазийчохь – 12, ГIебарта-Балкхаройчохь – ворхI, Дагестанехь а, Нохчийчохь ялх-ялх стаг кхелхина, Адыгейхь а, Къилбаседа ХIирийчохь виъ-виъ велла, кхин шиъ ГIалмакхойчохь.
Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 23 981 стаг.
Массанхьачул дукха ду дараш Ставрополь-махкахь, уггаре кIезиг а – ГIалмакхойчохь.
Ставрополь-мохк + 453 (98 213 пандеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 286 (81 812)
Дагестан + 163 (56 172)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 128 (35 236)
Нохчийчоь + 117 (25 414)
Къилбаседа-ХIирийчоь + 102 (25 630)
Кхарачой-Чергазийчоь + 86 (27 593)
ГIалгIайчоь + 82 (23 742)
Адыгей + 80 (21 640)
ГIалмакхойчоь + 53 (32 360)
Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву тахана 423 886 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду тахана, Лахьан-беттан 1-чохь 8 554 192.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.