ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах велла Нохчийчохь эскаршна тIехь буьйралла дина Квашнин Анатолий


Казанцев Виктор а, Кадыров Ахьмад а, Квашнин Анатолий а
Казанцев Виктор а, Кадыров Ахьмад а, Квашнин Анатолий а

Москвахь велла коронавирусан уьнах армин инарла Квашнин Анатолий. Новости агенталло бина цунах хаам, тIеман хьаькамийн Клубан куьйгалхочунна тIетевжина.

Нохчийчохь урхалла дира инарлас Квашнина Вовшахтоьхначу эскархойн тобанан 1994-чу шарахь. 1995-чу шеран Чиллан-баттахь Къилбаседа Кавказан тIеман гонийн эскарийн буьйралла дан хIоттийра иза. ТIаьхьо, 1997-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман Инарлин штабан коьрте ваьккхира.

Басаев Шемалан а, Хаттабан а тIемалошна дуьхьал Дагестанехь хиллачу операцешкахь куьйгалла а дира Квашнина 1999-чу шарахь. Оьрсийчоьнан президентан Ельцин Борисан къайлахчу омраца Оьрсийчоьнан Турпалхо аьлла, цIе елира цунна 1999-чу шеран ГIадужу-беттан 27-чохь.

  • 1999-чу шарахь Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь Басаевн а, Хаттабан а тобанаша тIелатар дира Гагатль (Гигатль) эвлана, ткъа шолгIачу дийнахь дIалецира цара Агвали эвла а.
  • 6-7-чу деношкахь тIеман хиламаш буьйлабелира БотIлихан кIоштахь – нохчийн тобанаша чуяхара Ансалта а, Рахата а эвланашна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале болабелира Нохчийчохь 2-гIа тIом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG